"Чермен" постехь нах хьийзор соцуш дац - Солтаев

"Чермен" блокпост.

Оьрсийчоьнан юкъараллин чоьнан декъашхо Солтаев Мохьмад латкъамаш гулбеш ву ГIалгIайчоьнан а, Нохчийчоьнан а дозанерчу "Чермен" постехь бахархошца полисхоша харцонаш лелоран, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло. Цо яздарехь, оршотан дийнахь, иза цхьаьнакхеттера ГIуларчу вахархочуьнца Имаев Хьасанца.

"Чермен" постехь, цхьацца бахьанаш лоьхуш, маситта сохьтехь латтийна хилла иза полицин белхахоша киралелочу машенахь вогIуш. Кхо сахьт хан яьллачул тIаьхьа, машенан кехаташ схьа а даьхна, дIавахийтина цара Имаев. Солтаев дагахь ву гIулархочунна цу хаттарехь бакъонан барамашца доьзна гIо дан.

Оьрсийчоьнан Юкъараллан чоьнан декъашхочо дийцарехь, "Чермен" чекхволуьйтучу постехь лаьттачу ницкъаллин структурийн белахоша низамашца догIуш доцург лелор хьокъехь дуккха а тоьшаллаш гулделла шегахь, бохуш ву Солтаев, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.