Нохчийчохь "тIом бина" 30 шаре ваьлла оьрсий вийна Шемахь

Шемахь вийнарг ву 30 шо долу Челябинскан вахархо Дмитрий (фамили йоккхуш яц). Болчу хаамца, иза мини тIехь иккхина кху беттан 8-чохь, амма цунах лаьцна хиина дIадаханчу оршотан дийнахь. И стаг цу пачхьалкхе тIом бан вахана хилла шен лаамехь президентан Асад Башаран тIеман ницкъашкахьа.

Цу стеган накъосташа чIагIдо, иза Нохчийчохь а хилла вара бохуш. И бахьана долуш "Чечня" олуш цIе йоккхуш а хилла цуьнан.

Цул тIаьхьа и стаг дIакхетта хилла Донбассерчу сепаратистех. Дийцарехь, цо дакъалаьцна Украинерчу Дебальцевона гонаха хиллачу тIеман тасадаларехь.