Юха а митингана кечлуш бу гIалгIай

Магас. Евкуровн дуьхьалончийн агIончаш.

ГIалгIайн къоман цхьаалан комитет олучу тобано Магасан мэре кехат хьажийна, рогIера митинг дIаяхьа шайн лаам хиларх лаьцна. И акци хир ю, боху цара, Нохчийчоьнца доза хьокъехь бинчу бартана а, республикан куьйгалхочун Евкуров Юнус-Бекана а дуьхьал.

"ГIалгIайчоьнан гIортор" юкъараллан боламан хьалханчо Чемурзиев Бараха дийцарехь, митинг вовшахтоха дагахь бу уьш Магасехь Охан-беттан 5-9 деношкахь.