Гуьмсехь даьгна маьждиг Кадыровн фондо юхадендийр ду аьлла

\

400 гергга еакIов метар латта дIалаьцна хилла шира маьждиг даьгна Гуьмсехь кIирандийнахь аьлла, хаамбина республикерчу орцан министралло. Адамашлахь лазийна стагга а вац.

Дерриг даьгна маьждиг аьлла, билгалдаьккхина махкарчу муфтиятан пресс-гIуллакххоша а. 6 техника тIе а оьзна, 30 орцанхочун гIоьнца яйина цIе. "Лазийна, велла стаг вац", - аьлла бу орцан министраллан сайтехь бина хаам. 580 вахархо чутарлуш хIусам яра иза.

Ишта муфтиято бинчу хаамца, регионерчу Кадыров Ахьмадан цIарахчу фондо дIахьедина, шаьш юхаметтахIоттор ду даьгна маьждиг аьлла.