Your browser doesn’t support HTML5
ДIабаханчу Зазадоккху-беттан 28-29 шина дийнахь Москох хилира Дуьненаюкъара исламан конференци. Цуьнан цIе яра "Ислам – къинхетам а, машар а баийтар".
Цу мерорприятехь дакъалоцуш бара 43 пачхьалкхан векалш, шайна юкъахь СаIудийн Iаьрбийн пачхьалкхера а, Мисарара а, Урданера а, Иракъера а, ГIажарийчуьра а, Эмираташкара а, Пакистанера а, Туркойчуьра а, ткъа иштта кхечу мехкашкара а бевзаш болу дешна нах а, бусалба Iилманчаш а болуш.
Конференцин Iалашо яра тайп-тайпана динаш маьрша цхьаьна дахарехула а, терроризмца а, экстремизмца а къийсам латторехула а яха еза гIулчаш билгалъяхар.
И форум вовшахтухуш дакъалоцуш Оьрсийчоьнан президентан администрацин аппаратера нах хиллехь а, гуш дара исламан динца йойьзна структураш баш дIоггара жигара хьийзаш хилла ца хилар. Масала, Оьрсийчоьнан муфтийн кхеташонан гIантда, Бусалба динан урхаллан куьйгалхо Гайнутдин Равиль вацара цу конференцехь дакъалоцуш, иза цу форуман цхьаболчу декъашхошца цхьаьнакхета реза хиллехь а.
Делахь а конференцехь дакъалоцуш бара Гайнутдина куьйгалла дечу структурин муфтийш а, Москох долчу даккхийн маьждигийн имамаш а, тIаьхьо конференци Соьлж-ГIала дехьяьлча Нохчийчу баха царах цхьаберш реза ца хиллехь а.
Конференцин декъашхошна хьалха вистхилира Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула волу министр Чеботарев Сергей. Дерригдуьненан Исламан Лиган инарлин секретаро Iабдул-Карим Аль-Iийссас шен къамелехь билгалдаьккхира Оьрсийчохь, ша аьлча, Нохчийн Республикехь зеделларг хилар экстремизмца а, терроризмца а къийсам дIахьош.
"Оьрсийчоь хкечу къаьмнашна а, пачхьалкхашна а, динан векалшна а хетарг хьокъехь сатухуш пачхьалкх ю. Иза Оьрсийчоьнан президент Путин Владимир а, Нохчийн Республикан куьйгалхо Кадыров Рамзан а хилар бахьана долуш ду", - бохуш вара Аль-Iийсса.
Зазадоккху-беттан 30-чохь Соьлж-ГIала баьхкира конференцин декъашхой. Уьш тIеоьцуш той хIоттийра "Сафия" цIе йолчу даздарш дIахьочу хIусамехь.
Конференцин декъашхоша сацам барца, "Исламан Турпалхо" цIе тиллира Кадыров Рамзанна. Цул сов Палестинин президенто Iаббас Махьмуда бинчу сацамца, Нохчийчоьнан куьйгалхочунна елира цу мехкан лаккхарчу совгIатех цхьаъ йолу "Къудсан Седа" орден. Соьлж-ГIаларчу тойнехь иза Кадыровна дIаелира Палестинин президентан хьехамчо Хаббаш Махьмуда.
Конференцин декъашхоша тIеэцначу резолюцин преамбулехь дуккха а ду дуьйцуш Кадыровх а, цо Нохчийн Республикан куьйгалхочуьнан даржехь бечу балхах а лаьцна. Ткъа резолюцин чулацамах лаьцна аьлча, билгалдаккха догIу иза 21 хьехамах лаьтташ хилар а, цигахь хьехош дерг бусалбанаш дерриг а динашца тарлуш баха безаш хилар а, теракташ яр емал деш хилар а.
Делегаташа цхьа а сацам ца бира бусалбан уммехь тIеоьцур боцу, я цхьанна вас йийр йолу. Резолюцин кеп ю хьехам санна, иза дац кхочуш дан оьшу фетва.