ЭрдохIанах кlадлуш бу Туркойчоьнан бахархой

Туркойчоь -- Оппозицин Республикан халкъан партин агIончаш шаьш меттигерчу харжамашкахь толам баккхар даздеш бу Истанбулехь. 1 Охан, 2019

Туркойчоьнан президент ЭрдохIан Реджеп кху тIаьхьарчу деношкахь халонца ловш ву шена массо агIор, мехкан арахьара а, чоьхьара а деш долу тохарш.

ДIадаханчу кIиранан дийнахь хиллачу муниципалан харжамашкахь цуьнан Нийсонан а, кхиаран а парти дуккха а шерашкахь дуьххьара эшна туркойн яккхийчу гIаланашкахь, шайна юкъахь Хонкара а, Истанбул а йолуш.

Кхин а цхьа де даьлча Iамеркан Цхьаьнатоьхначу Штаташа дIахьедар дира F-35 олучу уггаре а тоьллачу тIеман кеманна оьшу коьчаллашца Туркойчоьнна кхачо яр сацош ду шаьш аьлла. Иштта жоп делира Вашингтоно стохка Оьрсийчоьнера С-400 олу ракетан системаш эцар хьокъехь ЭрдохIана бинчу сацамна.

Уьш эца Туркойчоьно махбинера Оьрсийчоьнца 2017-чу шарахь. Ткъа стохка шо чекхдолуш туркойн Iедалша иштта Iамеркера ийцира Patriot ракетийн системаш. Цхьаьнатоьхначу Штатийн а, НАТО-н а лидерша маситтоза варе винера ЭрдохIан, оьрсийн ракетан система юкъатоха аьтто хир бац НАТО-н ницкъашна аьлла.

Вашингтон кхето гIиртира Хонкара, Оьрсийчоьнера герз эцар бахьана долуш санкцешна кIел яха мега Туркойчоь бохучух. Делахь а туркойн Iедалша чIагIдора, Iамеркан ракетийн комплексийн метта оьцуш яц шаьш оьрсийн комплексаш бохуш.

Пентагон саготта яра нагахь Туркойчоьно С-400 комплексах пайда эцахь, Оьрсийчоьнан аьтто бала мега Iамеркан гуш доцу кеманаш довза оьшучу информацина тIекхача бохуш.

F-35 кеман техника а, документаци а Туркойчу яхьийтар сацор хьалхара гIулч хила мега и кеманаш цу пачхьалкхан дохкар сацоран. F-35 Туркойчоьнна ца дохкар хьокъехь кечдинчу низаман проект Конгрессе хьажийна дIадаханчу кIиранах.

F-35B тIеман кема.

Цу хеннахь, тIаьххьара зорбане даьхначу терахьашца, ЭрдохIанан агIончаш еххачу хенахь дуьххьара яккхийчу гIаланашкахь эшна муниципалан харжамашкахь, хьалхо туркойн президенто шен парти тоьлла аьлла дIахьедар динехь а. 2000-гIа шераш дуьйладелчхьана дуьххьара цуьнан Нийсонан а, кхиаран а партин карардаьлла Iедал Хонкарахь а, Истанбулехь а.

Оппозицин коьрта Республикан халкъан партин агIончаш шаьш меттигерчу харжамашкахь толам баккхар даздеш бу Истанбулехь.

ЦхьамогIа аналитикашна хетарехь, дIадаханчу кIиранан дийнахь хилла харжамаш чулацам болу хилам бу. Уьш буста мегар ду 1994-чу шарахь ша ЭрдохIан Истанбулан мэр а хоржуш хиллачу харжамашца. Цу тIера болабелира ЭрдохIан Реджепан, 16 шарахь премьер-министран а, президентан а даржашкахь шен карахь латточу, Iедале боьду некъ.