Кадыровн "шахьар" цIанъеш 35 миллион гергга ахча дойур ду

34,8 миллион ахча хьажор ду Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанан Соьлжа-ГIалара резиденци латто. Пачхьалкхан цIарах оьшург оьцучу сайт тIехь зорбане яьккхина цу хьокъехь тендер.

Лот тIехь билгалдаккхарца, "оцу ахчанах Нохчийчуьра Рубежная, Тбилисская урамашкахь а, Соьлжан хийистехь а бай а, ораматаш а цIена латтош, белхаш дIахьур бу". Ишта, цIанйийр ю резиденцин майда нехех, Iалашйийр ю бешмайда а, зезагаш а.

КарабогIучу беттан 22-чохь билгалдер ду, муьлхачу организацино тIелоцур ду белхаш.

Дахначу шарахь Нохчийчоьнан бюджетера 51 миллион сом хьажийра Соьлжа-ГIаларчу мехкан куьйгалхочун доларчу хIусаман территореш дIацIанъян. Iедалан цIарах оьшург эца мах кхайкхочу сайт тIехь Iорабаьккхинера и хаам. Тергоне эцнера и информаци "Открытые медиа" интернет-хьостано.

2004-чу шарахь терактехь вийначу Нохчийчоьнан хиллачу президентан Кадыров Ахьмадан цIа лардийриг дахначу шарахь дайинера 42 миллион сом. Дуьненаюкъарчу коррупцица къийсам латточу Transparency International организацино бира цуьнан тидам.

Znak.com гIирсан корреспонденто дийцарехь, 2017-чу шарахь мехкан куьйгалхочун администрацин объекташ Iалашъян чоьхьарчу гIуллакхийн министраллаца дина контракт зорбане даьккхина антикоррупцин организацино. Бертан мах 98 миллион 296 эзар сом бу.

Гаражаная урамера а, Кадыровн, Революцин проспекташкара а административан гIишлошца цхьаьна лерина мехкан куьйгалхочун резиденци а. Цхьалха язъйина ю президент лаьттинчу Кадыров Ахьмадан хIусам. Иза ларъйийриг 42 миллион 353 эзар сом даьлла.

"ХIусам ларъян декхаревина 62 стаг. Хадархошна ахча мехкан бюджетера оьцуш хилар тергоне эцча, Кадыровн цIа цуьнан долара хуьлу, ткъа Оьрсийчоь декхаре яц шен бюджетера оцу хьашташна ахча хьажо", - аьлла, билгалдоккхинера Transparency International-а.