Европан кхелан сацамаш кхочушцабарехь лидер ю Оьрсийчоь

Франци -- Европан адамийн бакъонашкахула кхел, Страсбург, Охан. 18, 2018

Европан адамийн бакъонашкахула кхеле 2018-чу шарахь 12 эзар сов латкъам кхаьчна Оьрсийчуьра.

Your browser doesn’t support HTML5

Европан кхелан сацамаш кхочушцабарехь лидер ю Оьрсийчоь

2018-чу шарахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело бина сацамаш кхочуш цабарехула лидер ю Оьрсийчоь. Цу пачхьалкхо кхочуш ца бина 1500 сов сацам. Цунах лаьцна дуьйцуш ду Европан Кхеташонан министрийн комитетан дIахаийтарехь, яздо "Ведомости" газето.

Оьрсийчоьнна тIаьхьайогIуш ю Туркойчоь (1000 сов), Украина (923), тIаккха Румыни (309).

Оьрсийчоь хьалхарчу меттехь ю 2018-чу шарахь адамийн бакъонашкахула Европан конвенци йохорца а. Европан Кхеташонан министрийн комитето бинчу хаамца, шена духьал листинчу гIуллакхашкахула латкъам бинчу нахана 13 миллион сов евро дала декхарелахь ю Оьрсийчоь.

Кху шара Дечкен баттахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело хаам бира, 2018-чу шарахь Оьрсийчуьра 12 эзар сов латкъам кхаьчна шайга аьлла. Кхело листина царах 238. Оьрсийчоьно низамаш ца дохийна аьлла, суьдхоша сацам бина царах 5 гIуллакхехула.

Страсбургерчу кхело луьстучу гIуллакхашна юкъахь кIезиг дац Нохчийчуьрчу бахархоша латкъам бина къастийна гIуллакхаш.

Иштта, дIабаханчу Зазадоккху-баттахь Европан адамийн бакъонашкахула кхело 870 эзар евро дала декхарелахь йира Оьрсийчоь Нохчийчохь лачкъийна лар йоцуш вайначу 11 стеган гергарчарна. И нах байна 2002-2006-чу шерашкахь республикехь тIом боьдучу хенахь.

Дийцарехь, Оьрсийчоьно нохчашца боьзна сацамаш, хан яьлча бина а, кхочуш ца бина меттигаш яц.

Адамийн бакъонашкахула йолчу Европан конвенцина ратификаци йира Оьрсийчоьно 1998-чу шарахь. Цу хенахь дуьйна и пачхьалкх кIеллахь ю Европан адамийн бакъонашкахула кхелан юрисдикцина.

2015-чу шарахь Оьрсийчоьнан Конституцин кхело сацам бира, шайн Iедалан бакъо ю цу кхелан сацамаш кхочуш ца бан, нагахь цара "конституцин принципийн коьрта кепаш йохош хилахь" аьлла.