КъахIирехь лецначу гIалгIайн кегийрхоша набахтехь мацалла кхайкхийна

КъахIиран урамехь

КъахIирехь набахтехь латточу ГIалгIайчуьрчу кегийчу наха мацалла кхайкхийна, шаьш лецарна протест еш. ТАСС агенталло бина и хаам, цхьахволчу кIентан нанас Дзейтова Марема дийцарца.

"Тхан берашкахь ледара хьал ду аьлла, хабар кхаьчна тхоьга. Сан цIийнда вахана Мисара, тхан доьзалхо ган. Цо а дуьйцу, юучуьнца бала хьоьгуш бу уьш. Де эшна церан бохура. Пхи де хьалха мацалла кхайкхийна цара- юучух дIахаьдда, лоьраш тIе ца буьту" , - аьлла, дийцина Дзейтовас.

Стохка аьхка дуйна лецна бу ГIалгIайчуьра КъахIирехь доьшуш хилла студенташ: Чемурзиев Исмаил а, Дугиев Хизар а, Аушев Илез а, Дзейтов Iела а, Плиев Рамазан а.

Дзейтовас бахарехь, рогIера церан кхелан процесс кху беттан 10-чохь хир ю аьлла.