Керла хIусамашка дехьавоккхур ву 3500 Нохчийчуьра вахархо

Нохчийчоь, Ойсхара. Гайтаман сурт.

Нохчийчоьнан Iедалш дагахь ду керлачу хIусамашка дехьаваккха карарчу хенахь тишачу цIеношкахь веха 3500 республикера вахархо. Иза дийр ду 2024-чу шаре кхаччалц лерина йолу "ХIусам а, гIалан гонахе а" къоман проект кхочушъеш.

Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнан а, Iедалан а зорбан сервисо бинчу хаамца, цу гIуллакхана хьажор ду 2,2 миллиард сом.