Газах декхар дитарх лаьцна сацам юхабаьккхина Нохчийчуьрчу Лаккхарчу кхело

Нохчийчоьнан Лаккхарчу кхело еарин дийнахь юхабаьккхина Соьлж-ГIалан заводан кIоштан кхело республикерчу бахархошна газах декхар дитар хьокъехь бина сацам. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло.

"Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело бина сацам юхабаккха, керла сацам тIеэца. Прокуроран когаметто тIедожор кхочуш де цхьана декъанна", -- аьлла дIакхайкхийна кхелан гIантас.

"Газпром межрегионгаз Грозный" компанино бина латкъам листира кхаа суьдхочо. Прокуратуран иск бух болуш лерина цу компанино инвентаризаци ярехула.

Соьлж-ГIалан Заводан кIоштан кхело кху шеран Дечкен-баттахь Нохчийчоьнан прокуратуран дехарца сацам бира бахархойн газах дала дезаш долу 9,353 млрд сом декхар дита. "Газпром межрегионгаз Грозный" компанино аппеляци йинера цунна.