"Да вийра, нана елира"

Your browser doesn’t support HTML5

Пачхьалкхан думан депутат Макиев Зураб улло а ваьлла, дахначу кIиранах БуьритIе цIа далийра кхо бер: ваша а, цуьнан ши йиша а. Къилба ХIирийчуьра церан да а, нана а масийтта шо хьалха дIадаханера "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойх дIакхета Iалашонца. Юьхьанца берийн да вийра тIамехь, цунна тIаьххье кхелхира нана а. Хууш дац, муха боьрзур бара берийн кхоллам, цхьа Дела къинхетам юкъа ца боьллехь.