ДаIишхойн могIарш дузуш хилла цо аьлла, нохчо лаьцна кхарачойн дозанхоша

"Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхойн могIарш дузуш хилла цо аьлла, шеконашца Нохчийчуьра вахархо лаьцна аьлла, хааме даьккхина Кхарачойн-Чергазийчоьнан къайлахчу сервисаша. Меттигера вахархо Шема ваха ира-кара хIоттийна хилла цо аьлла, Iорадаьккхина кхарачойн дозанхоша.

"Кхарачойн-Чергазийчоьнан ФСБ-н дозанхойн урхаллана гучудаьлла дуьнено террорхойн лоручу организаци юкъаваха марздеш хилар Нохчийчуьрчу вахархочунна лаьцначо", - яздо "Интерфакс-Юг" хьостано.

Нохчийчоьнан Талламан Комитето бехкзуламан гIуллакх долийна цунна дуьхьал, террорхойн аьтто беш хилла цо аьлла.

Билгалдоккху, оцу артикло 15 шаре кхаччалц набахтехь яккха хан кхачайо, нагахь бехк шеконе эцначунна тIехь бисахь.