Шен цIа – цIен цIа: хьешашна Нохчийчоь йовзуьйтург
Your browser doesn’t support HTML5
Соьлжа-ГIаларчу Боков Iабдуллина хазахеташ программа яра цуьнан бераллехь "Мохкгезбархойн клуб" ("Клуб путешественников"). 39 шо ду цуьнан тахана. Кхечу мехкашкахула ша лелачу метта, шен хьоме Нохчийчоь йовзуьйту цо дозанал дехьара кхочучу хьешашна. Дуьйцу къоман исторех, ламастех. Амма коьрта ду цунна ингалс мотт хьехар – сатуьйсуIабдуллас нохчий дуьненан хазанашна гергабига.