Погоровн цӀийнах хьожуш бу ФСБ-н белхахой

ГIалгIайчоь -- Погоровн цӀийнах хьожуш бу ФСБ-н белхахой. Карабулак. 25Оханан2019.

ГIалгIайчохь ФСБ-н белхахой цӀийнах хьожуш бу Нохчийчоьнца доза къастор нийса дац бохучу нехан боламан хьалханчех цхьаъ волчу Погоров Ахметан. Цунах лаьцна яздо, "МБХ медиа" сайто, меттигерчу юкъараллан жигархочун Муцольгов Русланна тIе а тевжаш.

Цо дийцарехь, и болх болийна ницкъаллин структурин белхахоша Карабулак гIалахь, Погоровн а, цуьнан шина вешин а хIусамашкахь. Погоров цIахь ву-вац Муцольговна ца хаьа.

Кхаарин дийнахь федералан кхерамазаллин сервисан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахой баьхкина хиллера Погоров волчу, амма, иза цIахь а ца карийна, дIабаханера уьш. Оханан-бутт болалуш цу стагана гIуда тоьхнера кхело Зазадоккху-беттан 27-чохь митингехь хиллачуьнца доьзна.

Зазадоккху-беттан 26-хь Магасехь, Iедалша бакъо а елла, митинг хилира республикерчу референдумех лаьцначу низамна тIехь хийцамаш барна дуьхьал. Цу хийцамашца а догIуш, доьхкуш ду Нохчийчоьнца долу административан доза хийцар хьокъехь референдумаш яр.

ШолгIачу дийнахь Iуьйранна тасадаларш хилира, Iедало елла бакъо а йоцуш, цу майданахь буьйса йоккхуш бисина хиллачу дуьхьалонан акцин декъашхойн а, ницкъаллин структурийн белхахойн а.

Цу къепедацаршкахь дакъалаьцначу нахана дуьхьал схьадиллина ду маситта бехктакхаман гIуллакх. Лаьцна ву маситта стаг.