Оьрсийчохь алсамдаьлла Rolls-Royce-аш йохкар

26 миллион сом мах болу Rolls-Royce Cullinan ю Оьрсийчохь уггар дика оьцуш йолу Британин машенан марка.

Британехь еш йолу Rolls-Royce еза машенаш йохкар алсамдаьлла Оьрсийчохь кхушеран хьалхарчу 3 баттахь. Цунах лаьцна хаам бо "Автостат" талламан агенталло. Ерриг а Оьрсийчохь цу хена чохь йоьхкина цу маркин 24 машен.

Уггар дукха эцнарг ю 26 миллион соьмана тIера мах болалуш йолу Rolls-Royce Cullinan.

Дечкен-баттахь – Зазадоккху-баттахь йоьхинчу 24 машенах 13 лимузин эцна Москох а, Москох кIоштахь а, 3 – Петарбухехь а, 2 – Краснодаран махкахь.

Оханан-баттахь Экономикан лаккхарчу школо а, Внешэкономбанко а таллам бира Оьрсийчохь бехачу хьал долчу нехан хьокъехь. Цуьнан жамIашца а догIуш, Оьрсийчохь 3 процент нехан долахь бу 90 процент гергга бахам – ахча а, финансийн акитиваш а, кхин дерг а.

Хьал долчу нехан бахам дебаш бу тIедогIу рицкъ хьалха санна дацахь а. Оьрсийчуьрчу 20 процент бахархойн долахь дацара стохка 6 процент финансийн активаш а, 5 процент карахь лело ахча а бен.

The Wealth Report 2019 цIе йолчу дуьненаюкъарчу талламо гайтарехь, Оьрсийчуьрчу миллионерех кхоалгIа дакъа ду махкара дIадаха лууш. Царах 80 процент миллионераш хIинцале гIулчаш йохуш бу кхечу пачхьалкхан паспорт даккхар Iалашонца.