Юккъерчу барамехь зударий 5,5 шо алсам беха Нохчийчохь

Гайтаман сурт.

Оьрсийчохь юккъерчу барамехь иттех шо кIезиг беха божарий зударел а. Цунах лаьцна яздо "Известия" газето. Талламаш гайтарехь, 2018-чу шарахь дуьненчу бевлла божарий баха мегаш бу 67,66 шарахь, зударий - 77,87 шарахь.

2017 шо схьаэцча, Iилманчаш дийцарехь, Оьрсийчуьрчу тайп-тайпанчу регионашкахь и гайтамаш хийцабелла бу. Иштта божарийн а, зударийн а дахарна юкъахь 12 шо дара Магаданехь а, Брянскан кIоштахь а, Удмуртехь а. Дагестанехь а, ГIалгIайчохь а, Нохчийчохь а и гайтам бу 5,5 шо.