ГIалгIайн Москварчу диаспоран векал дIалаьцна БуьритIерчу аэропортехь

Стохка Магасехь митингехь дакъалаьцна аьлла, БуьритIерчу аэропортехь лаьцначу гIалгIайн рогIерчу жигархочунна Хучиев Давудна 20 эзар сом гIуда тоьхна. "Медиазонас" бина и хаам, лаьцначун вешин Хучиев Микаилан хаамна тIе а тевжина. Вашас дийцарехь, дахначу шоьтадийнахь Москва воьдучу хенахь БуьритIерчу аэропортехь сацийна хилла Давуд. Наьсарерчу полисхойн декъе а валийна, административан протокол хIоттийна хиллера цуьнан хьокъехь.

Iедалшца бертаза хIоттийначу митингехь дакъалацар ду цунна бехкедуьллург. Кхелахойн сацамца а догIуш, стохка аьхка ГIалгIайчоьнан куьйгалхочун харжамаш хилийтар тIедожош акци дIахьочу дийнахь, Хучиевс Магасехь шен лаамехь барам дIабаьхьна хиллера, "политикан тIедахкарш хьалха а даьхна.

Хучиевс бехк тIе ца лоцу. Буьйцу барам Магасехь цу дийнахь хилла бац боху цо. Кхел йирзича маьршавитинера иза.