"Пайда банне а боцу хьесап ду"

Гайтаман сурт.

Your browser doesn’t support HTML5

"Пайда банне а боцу хьесап ду"

Къилбаседа Кавказ уггар вон регион лоруш ю са йоккху гӀуллакх лело. Marketing Logic компанино бинчу талламо гайтарехь, "стартап" олу шен гIуллакх долор дIадерзо дезаш хуьлу цигахь, мелла а дукха цхьа шо даьлча.

Къилбаседа ХIирийчуьра экономикан говзанча Пухаев Алик тешна ву: бизнес лело Къилбаседа Кавказера хьал уггар вон ду олуш Marketing Logic-ан терахьаш лелор дIоггара нийса дац. Къилбаседа Кавказан федералан гонехь "формалан йоцчу экономикан дакъа дукха лакхара хиларна, доккхачу декъана жима бизнес сих ца ло оьуш долу кехаташ кечдан".

"Бизнес лелоран билламаш кхузахь, Оьрсийчоьнан экономикан ерриг а перифериехь санна ду", - билгалдоккху эксперто.

Цуьнца цхьаьна, меттигера хьелашца доьзнарг а даладо цо: "Оьрсийчохь еххачу хенахь болх беш яра жимачу бизнесна гIортор яран программа, Кавказехь, доккхачу декъана, цхьана денна лерина фирманаш а кхуллуш, бюджетера ахча схьаэцар Iалашонца лелош йолу. Вуьшта аьлча, дерриг а формалан чулацам болуш дара. Лаам бацара жима бизнес кхиийта".

Дагестанерчу Гунибан-кIоштара Расулов Ахьмад бизнес лело волавелла маситта шо хьалха. Иза цIена мутта доккхуш ву цхьацца стоьмех а, туьркех а. Цул сов кечдина бежинан жижиг а, хи чу йоьхкина помидораш а арахоьцуш ву иза.

Цо хоуьйту тахана шен гIуллакх пайде цахилар: "Аьргалла эца езаш хилча нахера, хIора шарахь мехаш хьаладовлуш а долуш, белхалошна алапа дала дезаш хилча, ял ялар а, пенсина ахча хьажор а дIа ца даьккхина цхьаммо а… ЖамI дича пайда банне а боцу хьесап ду".

"Хьал чолхечу доккху дог цӀена доцучу къийсархоша. Бакъдолу мутта доккхучара эдо иза концентратан олучу дукъдинчу муттаца. Концентраташ тIаьхь-тIаьхьа алссамйовлу. Амма сан сурсаташца уьш йоцуш ю. Ас даима а ларйина сайн цIе. Халахеташ делахь а, эцархоша иза ца лору. Уьш химица эдина мутта эца реза бу, иза дорах хилчхьана", - латкъамаш бо Ахьмада.

Расуловс сацам бина, шен бизнес дIа а чIаьгIна, "цхьа кхин мелла а пайда бохьу гIуллакх доло".

Цо дийцарехь, Дагестанехь дика дIадоьдуш ду гIишлош а, мачаш а ярца доьзна гIуллакх. Республикера мачаш махкал арахьа а ю дика оьцуш.

Дагестанехь доккху ду бизнесехь къахьогучу нехан дакъа. Дукхаха болучара иза до, кхин дан хIума а ца хуьлий, дика болх ца карош шаьш бисча. Амма уьш латкъамаш беш хуьлу, Iедалша а, ял йоккхучу органийн белхахоша а, изза бизнес лелочу къийсархоша а Iаткъам бо шайна бохуш.