Кадыровга шена бехк цабиллар дехарх дийцина Зеленскийс

Украинан керла хаьржинчу президенто Зеленский Владимира "112 Украина" телеканалехь интервью луш дийцина, Нохчийчоьнан куьйгалхочуьнга Кадыров Рамзане ша гечдар дехарх. Цо бахарехь, шен забарш бахьанехь, йа шен леларца доьзна бехк цабиллар ца дехна цо, воьлхучу Кадыровн кадрех шен программехь пайдаэцарна къинтIера ваьккхина ша аьлла цо. Бусулбачийн дог-ойла аьшнаш яр ду иза аьлла, дийцира шена боху Зеленскийс.

"Цхьа видеоролик яра тхан "ЧистоNews" программехь. Суна и юй а ца хаьара, редакторийн кхи тоба яра иза кечйинарг. Кадыров вацара оха вуьйцург. Цуьнца йоьзна йоцу цхьана видео юкъара кийсак яра цигахь. Иштта цу программи юкъахь ларамза нисъеллера Кадыров Рамзан воьлхуш видео", - дийцина Зеленскийс.

Шега цхьаммо телефон туьйхира боху Украинан президенто, оцу видеон чулацамна ша тIе а кхиош.

"Ас элира, нагахь бусулбачийн цхьа векал аса сийсазвинехь, хIунда аьлча, дин дийцар-лазаме тема ю, хаза а дац, оьзда а дац, массо а дуьненчуьрчу бусулбанашка сайна гечдар доьху ас", - аьлла Зеленский Владимира.

Кху баттахь Украинехь дIабаьхьначу харжамашкахь толам баьккхина Зеленский Владимира. ШолгIачу турехь цунна кхечира 73, 22 процент кхаьжнаш. Волчу куьйгалхочунна Порошенко Петрона деллера 24, 45 % кхаьжнаш.