Шоьтадийнахь лата кийча ву Бетербиев Артур

Латархо Бетербиев Артур

Дуьненаюкъарчу боксан федерацин (IBF) версица, дуьненан чемпионан Бетербиев Артуран рогIера латар хир ду Боснера схьаваьллачу Каладжич Радивойеца. Шен оппонентан таронех а олуш, нохчийн латархочо дийцина, ша кийча хиларх.

"Со кийча ву оцу латарна. ТIехдика кечамаш а, спаррингаш а хилла сан. Каладжич Iаламат дика боксер ву, цу тIе сол а жимма лекха а ву дегIана. Муьлххачу латархочуьнца диканиг а, вуониг а хуьлуш ду. Иза леташ видеошка а хьоьвсина, дика кечамбина сан тобано. Латарал хьалха дукха дуьйцуш Iедал дац сан. Суна луург хIун ду, рингехь сайца дуьхьалволчуьнца лата а летта, сайн корматалла гайтар. Сайн ницкъ ма кхоччу толам баккха хьожур ву со", - аьлла Бетербиевс.

Карладоккху, Бетербиев Артур а, Каладжич Радивойе а тасалур ву кху беттан 4-чохь Iамеркан Калифорни штатерчу Стоктонан Stockton Arena олучу стадионехь.