Your browser doesn’t support HTML5
ТIом боцчу, ницкъабр доцчу дахаре дерза гIерта Иракъера даймахка дерзийна таджикийн бераш. Дуьззинчу, кхачамечу хьелашкахь уьш дIатарбеш, царна гIо латтош ву виъ психолог.
- Иракъерчу набахтешкара байначу беттан 30-чохь Таджикистане далийра 84 бер. Варзобан чIожерчу "Харангон" санаторехь дIанисбина уьш. "Исламан пачхьалкх" шех олучу тобанхошкахь марехь хилла оцу берийн наной Иракъерчу набахтешкахь битина.
"Цхьадолчу берашна хIинца а гIенах го тIеман эрчонаш"
Кху беттан 8-чохь Озоди Радиоца къамел динчу берашца болх бечу цхьахволчу психолого Давлатов Махмадуллос аьлла, тIеман кIуьрлахь Iийначу дукхахдолчу берийн психика лазийна, йоццачу хеначохь иза юхаметтахIоттайойла дац аьлла. Кегийчу берашца хиллачу къамелашкахь къаьстина, царех хIора а теш хилла хилар - къизаллица нах бойуш а, лелхийтарш деш а, церан дагалецамашкахь дисина ирча суьрташ кеста дIадовр дац. Цхьадолчу берашна гIенах а тIаьхьара ца довлу уьш.
"Къаьсттина тхайн балхаца терго йо оха 6 шарера девллачу берийн, ткъа уьш ду 50. Царна массарна а оьшу тхоьгара гIо, хIунда аьлча, и бераш шайн наношца набахтешкахь хилла ду, церан сина а, дегIана а ницкъ хилла цигахь. Психолог со хиларе терра эр ду ас, юкъараллехь интеграци йойтуш, дуьззинчу дахаре и бераш дерзо йиш ю", - аьлла къамел динчо.
Психологаша чIагIдарехь, нагахь и бераш шайн наношца диссинехь, кхи дIа а оцу тишачу хьелашкахь хан яккха дезара церан, боккха тIеIаткъам хир бара тIаккха церан кхолламна.
Иракъера цIадалийначу дуккхаъчу берашна таджикийн мотт а ца хаьа, цундела цаьрца болх бечу заманчохь шаьш юкъаозийна Iарбойн а, таджикийн а меттанийн гочдархой аьлла психолого Давлатовс.
Коьрта Iалашо ю – церан могушалла а, документаш а меттахIиттор
Кху муьрехь Iедалхойн коьртачех Iалашо ю - берийн могушалла а, церан документаш а меттахIиттор. Гергарчаьрга бераш дIадалале хьалха толлур ю хьаькамаша церан таронаш а, хIусамашкара хьелаш а.
Озоди Радиоца хиллачу къамелехь Таджикистанан могушаллин министран гIовсо Джамшед Шодихона аьлла, берийн могушалла толлуш, дарба деш процесс юкъах а ца йоккхуш, кхи дIа а хьош ю аьлла.
Цо бахарехь, наношна берашка са ца гатдайтархьама шайн вежаршца а, йижаршца а цхьана буьту уьш аьлла. Джамшеда даредина ишта, берийн документаш юхаметтахIотто лаамца юридикан министраллан белхахой а тIеозийна шаьш аьлла.
Доцца аьлча, пачхьалкхан массо а структураш жигара хьийза карарчу заманчохь Иракъера юхадерзийначу оцу берашна эвсара хьелаш хIиттош.
Ишта-м, Душанберчу аэропортехь лерина деанчу кемана дуьхьалбаьхкина а бара уьш берриг а. Масална аьлча, социалан машанашкахь маса даьржира берийн а, доьзалан а гIуллакхашкахула йолчу Комитетан куьйгалхочо Косимзода Идигула аэропортехь цхьахдолу бер маракъуьйлуш даьккхина сурт.
"Ши бер тIехьаьдира суна"
"Баба" аьлла, шена царех ши бер тIехьаьдда мIаьрго цкъа а йицлур яц шена аьлла, Озоди Радиога дийцина Косимзода Идигулас.
"Кеман ламештIехула бераш охьадуьсучу хенахь, царна юккъера ши бер тIехьаьдира суна "баба" аьлла. Со йоьхнера, бIаьрхиш оьхура сан беснеш тIехула, уьш марахь а латтийна, лоьрийн караделира ас. Дуккхаъчу пачхьалкхашна ца лаьа, даIишхойн бераш цIа дерзо, амма берийн бехк бац. Таджикистанехь массо а вара уьш лардеш", - аьлла Косимзодас.
Иза тешна ю, цкъа мацца а оцу берийн наной а цIа берзо шайн аьтто хир бу аьлла. Цо бахарехь, дуккхаъчу доьзалшна и бераш - шайн тIепаза байначу кIентех а, йоьIарех а бисина цхьаъ бен боцу дагалецам бу.
"Аэропортехь со теш хилира: хазахетарца боьлхура шайн берийн берашна дуьхьал баьхкина болу денаной а, дедай а. Бераш цIа далорна тIехь къахьоьгучу комиссин зерашка собар дайна сатуьйсура пачхьалкхан куьйгалхочо. Оцу буса а, кема охьадосарца телефонехула зIене ваьллера президент Рахмон Эмомали шен гIовсца Рахмонзода Iабдуджабборца, берашкара хьал хоттуш", - дийцина зударийн а, доьзалан а гIуллакхашкахула йолчу комитетан куьйгалхочо.
Цуьнан дешнашца, тIаьххьарчу кIиранчохь дукха доьзалш бевлла, Иракъера цIа далийна буобераш шайна кхаба дIадига лууш.
Таджикийн 43 зуда ю Иракъерчу набахтешкахь. Цхьаболчарна яккхий хенаш йиттина, вуьйш белла дIабовллац хан яккха езаш бу.
Таджикистанан арахьарчу гIуллакхийн министраллан хаамашца, нагахь шина пачхьалкхна юкъахь тутмакхашна экстрадици еш барт хилахь, таро хир ю таджикийн зударий цIаберзо.