Нохчийчуьрчу токхамаш лаьттачу меттигашкара нах кхалхо ахча луш ду

Токхамаш лаьттачу меттигашкара нах кхалхо Iалашонца карарчу шарахь Оьрсийчоьно миллиард сов ахча лур ду Нохчийчоьнна. Регионан куьйгалхочун сайт тIехь дIакхайкхийна и хаам. Токхамашна кхераме йолчу меттигашкахь веха 25 эзар сов стаг, царех 4, 7 эзар вахархо къаьсттина кхерамечу территори тIехь веха.

"Юг России" Iалашонан программица а догIуш, 2015-чу шарахь 619 Нохчийчуьрчу доьзална керла тховкIело елира. 2016-2017-чу а шерашкахь нах дIакхалхо регионна ахча ца кхачийнера, ткъа 2018-чу шарахь гIо дина 22 доьзална.

Махкарчу зорбанаша яздарехь, таханалерачу дийнахь токхамаш латтарца билгалъяьккхина республикера 11 кIошт. Къаьсттина ледара хьал го Теркйистехь а, Нажин-Юьртахь а, Веданан кIоштахь а.