Террорхойх дIакхетта аьлла, шеконашка эцна гIалгIайн ши зуда

ГIалгIайчуьра Шема дIа а яхана, цигахь "террорхойн тобанхошна гIо латтош ю аьлла, талламчаша шеконе эцна меттигера ши зуда. Полисхойн информацица, 2014-чу шеран Зазадоккху-баттахь дуьйна цигахь ю цхьаъ, ткъа шолгIаниг дIакхетта царех 2015-чу шеран аьхка.

"Террорхойн организацин могIаршкахь йолчу цу шиммо гIоьналла латтош ду тобанийн декъашхошна", - аьлла бу талламан хаам. Муьлхачу террорхойн организацехь ю ГIалгIайчуьра ши зуда, билгал ца даьккхина хьукмато.

32, 42 шераш долчу оцу шина зудчунна дуьхьал бехкзуламан гIуллакх айдина аьлла, хааме даьккхина пIераскандийнахь ГIалгIайчоьнан Талламан комитето шайн сайт тIехь. Шинне а набахтехь даккха ткъа-ткъа шераш кхачадо Оьрсийчоьнан Зуламан Кодексца.