Киевехь инаугураци хилла хаьржинчу президентан Зеленский Владимиран. Украинин Лаккхарчу Радан езачу кхеташонехь цо чIагIо йира, ткъа иштта схьаийцира пачхьалакхан симболш - президентан билгало а (орденан зIен кепехь йина), гербан мухIар а, президентан чхьонкар а.
Шен хьалхарчу вистхиларехь керлачу президенто дIакхайкхийра Рада дIасахецар.
Зеленскийс иштта шен къамелехь элира ГIирма а, Донбасс а Украинин территореш юьсуш ю аьлла. Цо дIахьедар дира, мехкан малхабалехь тIом сацорхьамма шен даржах вала ша кийча хиларх а, йийсарехь бохку украинахой цIаберзор Iалашонца диалог йоло кийча хиларх а лаьцна.