Your browser doesn’t support HTML5
РогIерчу Нохчийчуьрчу вахархочун таIзар дина кхело, нохчийн вевзаш волчу бардан Муцураев Тимуран эшарийн тексташ социалан машанашкахь арахецарна. ХIинца иза ву Шелковской кIоштан кхело 1500 сом гIуда такха декхарелахь вина меттигера вахархо (цIе йоккхуш яц).
И стаг къера хилла федералан тIегIантIехь йихкина йолу экстремистийн материалаш яржорна ша бехке хиларна.
Амма Муцураевн кхолларалла бахьана долуш гIуданаш текхна нах цхьана Нохчийчохь а, ерриг а Къилбаседа Кавказехь а хилла ца Iан. И гIуллакх даьржина ду берриг а махкахь. Кхелаша таIзарш дина нах бу ГIирмехь а, Рязанехь а, Томскехь а, Новгородехь а, Сичехь а, иштта дIа кхин а иттех регионехь, Владивостокера дуьйна Калининграде кхаччалц.
Билггал Оьрсийчохь йихкина эшарш муьлхарниш ю ца хааро зен дина аудиофайлаш латточу сайташна а. Масала, Роскомнадзоро тIекхачар дихкина нохчийн бардан эшарийн файлаш латточу Last.fm сайтан серверна. Амма даима а ца болу иза дан аьтто, масала, Балабанов Алексейн "Война" филмехь Iедалша йихкина Муцураевн "Иерусалим" йиш ека ду 17 шо.
Муцураев Тимур гIаравелира Нохчийчохь хьалхара тIом болабелча. Цуьнан дуккха а эшарш хьажийна ю даймахкахь Оьрсийчоьнца хиллачу тIемашна а, ислам динна а.
2008-чу шарахь аьхка Муцураевс, дукхачу нахана дагахь доцуш, кхайкхам бира, дуьхьалонан болам сацийна цхьаьна Нохчийчохь машар хIотто беза аьлла.
Карате латархо а, бард а Муцураев вина Нохчийчохь 1976-чу шарахь. 1994-чу шарахь дуьйна иза нохчийн дуьхьалонан боламехь дакъалоцуш хилла. ТIемаш боьлхуш дуккха а эшарш а, иллеш а яздира цо, ерриг а Къилбаседа Кавказерчу ладогIархошна вуно тайна долу.
2000-чу шерашкахь Муцураев Нохчийчуьра дIавахара Азербайджане, ткъа 2008-чу шарахь цIавирзира. Карарчу хенахь иза бизнесхо ву. Эшарш лакхара дитина цо.
Муцураевн эшаршка тIемаш боьлхуш нохчий тIемалоша санна ладогIара оьрсийн салташа а. Оьрсийчохь йихкинчу материалийн федералан тептарна тIехь таханлерчу денна иттаннаш цуьнан эшарш ю 12 эзар муджахедна" тIера "Нохчий, хазийша, хазийша сан кхайкхар" цIе йолчун тIекхаччалц.
ХIорш ю уьш:
12 000 муджахедов.
Аварское село
Агрессоры в селе Алхан-Кала.
Багрово на закате солнце.
В бой сыны Кавказа, лучшие сыны.
В мечтах и грезах смутно виден Рай.
Вставай Чечня, пора в поход!
Галерея памяти шахиды.
Держись, Россия! Мы идем!
Еще один рывок, еще рывок вперед.
Звучит Коран, ему внимают нахи.
И распахнутся ворота.
Иерусалим.
ИншаАллаh, сады нас ждут.
Исламская умма.
Мир, содрогнись и на колени встань.
Мы жизни истину познали.
Нам ниспослана милость от грешных услад.
Ночь холодна, опасен путь.
О Аллах, Мир окутан страшной мглой!
О Русь, забудь Былую Славу.
Оппозиционер.
Первомайское.
По меньшей мере, войны шли лет триста.
Посвящается предателям Чечни.
Рай под тенью сабель.
Салман Радуев
Снова начинается день.
Спустилась тьма, безмолвие в горах.
Туман над горами встает.
Тюрьма племен, империя-палач.
Черных дней череда, трудный час наступил.
Чеченцы, услышьте, услышьте мой зов.
Эшарийн цIераш цкъацца цхьаьна ца йогIу авторо еллачаьрца. Цундела Оьрсийчоьнан юстицин министраллан тептарна тIехь юьйцург муьлхарниг ю хаа хала ду цу цIарца.