Your browser doesn’t support HTML5
Политикаца бала болу нах кху деношкахь жигара дийцаре деш бу Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана дарж хийца мега аьлла даьржинарг. Царна виц веллачух тера ду Дагестанан куьйгалхо Васильев Владимир. Ткъа иза а ма ву, Оьрсийчоьнан президентан администрацица йозуш ю бохуш юьйцучу оццу "Незыгарь" телеграм-канало дийцарехь, балхара дIавоккхуш.
Амма, шен нохчийн коллега санна, иза ца вийлира цу хабарех, бакъ дац а ца бехира, я цхьана а кепара шена хетарг а ца довзийтира. Цо ур-аттал лелош агIо а яц социалан машанехь, цхьана хIуманна комментари ян.
69 шо долу инарла-полковник Васильев 30 шарахь ницкъаллан структурашкахь болх бина ву, цкъа дуьххьара Советан пачхьалкехь, таккха – Оьрсийчохь. Чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан академи яьккхина цо, хилла чоьхьарчу гIуллакхийн кхаа министран когаметта 1990-чу шерашкахь а, 2000-гIа шераш долалуш а. 1999-чу шарахь иза вара Оьрсийчоьнан кхерамазаллин кхеташонан куьйгалхочун Путин Владимиран когаметта. Дубровкехь закъалтана нах лецначу хенахь милицин штабан коьртехь вара Васильев.
"Единая Россия" партин могIаршкахь иза лаьттира Пачхьалкхан Думан гIантден когаметта, ткъа 2017-чу шарахь Васильев хьажийра Дагестанна куьйгалла дан.
Кавказерчу къаьмнийн ассамблейн куьйгалхочо Кутаев Руслана билгалдаккхарехь, Васильев цу регионе леррина хьажийна ву. Дагестанан куьйгалхочун дарж цкъачунна делла ду цунна, боху цо.
"И фигура Кавказехь гучуялар ларамаза хилла дац, иза керла принц ву Оьрсийчоьнан Кавказан. Цуьнца доьзна мелла а алсам хIума хир ду. Ерриг а Кавказ цхьаьнатухур ю аьлла ца хета суна, амма, нагахь Нохчийчоь а, Дагестан а, ГIалгIайчоь а цхьаьнатохахь, цу регионан коьрте хIуттур ву Васильев. Вуьшта аьлча, Васильев Кавказехь гучуваьлла вац цхьа Дагестан бахьана долуш. Дагестанераниг цуьнан цкъачунна долу дарж ду. Цхьацца ладаме хийцамаш хир бу Васильевн цIарца боьзна", - элира Кутаевс "Кавказ.Реалиица" ша динчу къамелехь.
Цуьнца цхьана, Кутаевс Васильев хенера стаг хилар новкъарло яц боху. Цо дийцарехь, коьртаниг ду иза карарчу хенахь долчу куьйгаллана муьтIахь хилар.
Соколов Денис Къилбаседа Кавказехула эксперт ву. Цо чIагIдарехь, Васильев дукха хенахь дуьйна дIавала лууш вара Дагестанан куьйгалхочун даржера. "Цигахь хаза ца хета цунна",- боху Соколовс.
Васильев Дагестанан куьйгалхо хIоттийчхьна цу республикехь долийна долу Iедалхойн могIарш цIандар соцуш дац тахана а. Цхьана шарахь эха шарахь иттаннаш Дагестанехь Iаткъам бан таро йолу нах лецна коьртачу декъана коррупци лелорна а, ахчанаш лечкъорна а, лаьттаца харцонаш лелорна а.
Царна юкъахь ву экномикан министр, депутат Раджабов Фикрет а, Росреестран куьйгалхочун метта хилла Гаджиев Шамиль а. ХIинцале а хан токхуш ву ХIинжа-ГIалан экс-мэр Мусаев Муса. Москох кхел еш ю премьер-министр хиллачу Гамидов Абдусамадана.
Нагахь Васильевга регионехь шуьйра Iедал кхачахь, иштта цIано йийр ю-яц Къилбаседа Кавказерчу кхечу республикашкахь бохучу хаттарна цкъачунна жоп дац. Амма мухха делахь а, Кадыров Рамзан Нохчийчоьнан куьйгалхочун даржера дIаваккхахь Васильевн позицеш чIагIлур ю, аьлла хета Кутаев Русланна.