КIирандийнахь аьхначу кхачанан де даздеш, хIума яарехь барамехь хила аьлла, хьехар дина Оьрсийчуьрчу бахархошна Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана.
"Дера, массара а дуьйца тIех сов дилха дилларо а, химикаташ йиттина хIума дукха яаро а дохьучу зенах лаьцна. Мангал-беттан хьалхарчу кIирандийнахь йина ца Iаш, ахьначу кхачанах лаьцна ойла ян еза шеран 365 дийнахь, Iуьйранна сарралц, сарахь сахиллалц,", - яздина цо шен Telegram-каналехь.
Кадыровс дагадаийтина, Дела элчано тIедиллина хилар, хIума яарехь барамехь хилар, кхача бууш кийран кхаа декъах цхьа дакъа кхачанца а, цхьа дакъа хих, ткъа дисина дакъа даьсса дита аьлла.