Your browser doesn’t support HTML5
Мамакаев Iарби
Нохчийн лаьмнашкахь
(Поэми тIера 1-ра дакъа)
Къеначу лаьмнашций,
Ширчу хьанннашций,
ДIадевлларш хьехадеш,
Къамел дан йиш хилча.
ЦIий лайнчу тIулгаший,
ТIом гинчу пепнаший,
ЛадоьгIнарг велхавеш,
Хийла аз хазор дара.
Кхолламо дай, дедай
ХIетахь ца хьистина,
Вон хьоьгуш диканах
Цара дог ца диллина.
Шайн чул сов ницкъ болчо
Iазапехь бахкийна
Iадато тилийна
Дай бIаьрзе вайн хилла.
Масийтта шо хьалха,
Башлаьмнел лахарчу
Аьрцнашца хьаннашлахь
Бен санна, юрт хилла.
Цхьа акха Iуьллучу
Юьртана тIебоьдуш
Лахьанан лар санна,
Ситтина некъ хилла.
ХIинца и ян а яц,-
Йохийна я яьгна, -
И-м суна хууш дац,-
Баьрзнаш бен ца дисна.
Цигахь кхин хезаш дац
Юьртахойн жIаьлеш а,
Суьйренца кIур а гац,
Я дийлац герзаш а.
Цкъа, - кIеззиг хан хьалха, -
Талла тхаьш даханчохь,
Хьалха юрт хиллачу
Меттиге тхо кхаьччахь.
Таллархочо сайна
Дийцинарг ца дицло,
Ма хаззар ас хьуна,
ДоттагI, и дIаяздо.
Дийцаро мукъамца
Лерг хьоьстур дацахь а
ГIийлачу узамца
Хилла сурт гойтур ду.
ЛадогIахь, дIадийца
Со говза вацахь а,
Вайн дайша лелийнчо
Хьоь ойла йойтур ю.
Уьш – нохчийн лаьмнашкахь
Баьхначийн гIилкхаш ду,
Цара хьегна къай, балий
Со гайта хьожур ву.
Диканиг схьаэцар
Кхетаме лоруш ду,
Вочунух хердалар
Вайн оьзда декхар ду.
Хьалхара дакъа
Стиглахь марха ва йоцуш
Мела догIа догIур дац,
Кийрахь бала ва боцуш
Ши бIаьрг боьлхур бац.
(Халкъан иллина тIера)
Аренаш аьрцанех
Кхеттачу асанца,
Аьхкенан хьаннаша
Боьра чохь хьулйина,
Хьаьрччина Iуьллучу
Ламаройн юьртахь мох
Суьйренца меллаша
ГIаш дего боьллера
Малх лаххахь цIийбелла
Чаррал гуш бара,
Суьйренца хьаелла
Юьртахь гIар хезара.
Цхьана лохчу лапгIанийн
КетIахь шайн даггара
Къамел деш, гIайгIане
Ши къонах лаьттара.
Шинний а тIехь чоэш
ЦIахь бинчу машин ду,
НеIаран мачаш а,
Куйнаш а -цаI дара.
ТIехь беркъа велахь а,
Ши къонах товш вара,
ДегIана цаI лоха,
Важа лекхуо хетара.
Лохучуьнан беллашах
Йоца топ кхозура,
Цо буйнахь йилгIанан
Шедакхаж къуьйлура.
Уллорчу утармех
Тесна дин лаьттара.
Цо, некъе кечбиний
Хууш, берг еттара.
Жимахверг астагIа
Динна тIе воьдура,
ТIаккха а схьавогIий
Къамел дан хIуттура, -
Хетарехь, ткъех шо бен
КIентан хир дацара,
Куц долуш, оьзда дегI
И хилар гуш дара.
"Бехк буьллий даций хьан,
ШахIид, со дIавахарх, -
Эли цо, - дог дийца
Хьо бен сан вацара.
Ган доьгIнехь, гур ду вай.
Хабар а кхетар ду,
Мацца а къастаза-х
Вай девриг дацара.
Ца ваьлла велира
Со винчу юьртах а,
Ца ваьлла волий-ца
Кху сарахь со хьох а.
Сан даго къастийна-
Оьзда йоI Селехьат
Ца ваьлла йитар а,
Хетало лен сахьат".
"АслагIа…Цхьа ши де"…-
Дехарца декара,
"Тешам бац сан кхин Iен" –
Олуш а хезара.
Ткъа, цара хIун дуьйцу
Хууш стаг вацара,
Амма уьш дог доьхна
Хилар-м гуш дара.
Мо болчу шен хьаьж тIехь
Луьста шад а къуьйлуш,
Iаьржачу шаьлтан тIехь
Шога куьг а латтош,
ХIусамдас шен хьеше,
Цунна дан гIо доцуш,
Вашасчул шен веше,
Дог лозуш дуьйцура.
Ткъа некъе кечвеллар,
ЛадоьгIуш хьоьжура,
Къадайнчу даг тIехь дерг-
И хьанна хаьара.-
ЦIиэн богуш хилла бос
ХIинца макхбеллера.
Хьаьрса мекх тIехь балда
Цо церга лоьцура.
- Цхьалха стаг велахь а,
ШахIид ву тешаме,
Лурвоьлла велахь а,
Цуьнца дац кхераме,-
Аьлла стаг вийцина,
И волчу воьссина,
КIант шарахь цIахь санна
Кху юьртахь ваьхнера.
Луралла хьедарна
Гергарчийх къастийнарг,
Башхачу амало
Нахалахь вазвинарг-
Берашца бер дара,
Баккхийчийн доттагI а
Цу кIентан къа дара,
Важа ирсе вацахь а.
ТIевеънарг нахана
Атта стаг хетало, -
Цхьалхачо гергарло
Доггаха леладо.
АслагIин дагах ах
Кху юьртахь юьсура.
ХIинца цо шен динах
ДоттагIа винера.
Ваша веш чуэцна
Шарахь ша ларвинчух,
ХIинца сел цIеххьана
Къастар – и Iеткъара,
Ткъа юьртахь, кху юьртахь
Дуьххьара, езначух
Ша валар!..Тахний бен
И ган ца тарлора.
Ша винчу цIийнан сурт
Дицделла дацахь а,
Кху юьртах вина юрт
Цунна таръеллера.
Безамах воккхаве
Шен меттиг бацахь а,
Кху юьртахь езначо
Лаьцна и хиллера.
ДIатаса атта дац,
Дуьххьара езна йоI,
Декъала хилла вац
Езначух хьегна воI.
Шен йохьах ца воха
Собаре-м хир ву стаг,
Ца къуьйлуш Iац хьан лаг.
Амма дог, - и гуш дац, -
Селехьат, ден, ненан
И цаI бен яцара,
АслагIас езна йоI
Шен бен ца лорура,
Ткъа хIинца, маржа яI
ДIасакъаста дезара,
Дагера, - дог ду цаI!-
Цо орца лоьхура.
"ХIинца вай цхьалха ду,
"Леча", шек ма яьллахь,
Хийла некъ тосур бу
Вайшиммо лаьмнашкахь!-
Аьлла, тIехиира
АслагIа шен динна,-
Вайша дIаюьгур ю
Селехьат, и ягIахь"…
Къаьстира кIант хIинца
Шен ваша хиллачух,
ДIавоьдуш ша динца
БIаьргех хи даьллачух.
"ХIун дер ткъа, АслагIа,-
ШахIида элира,-
Висахь а со цхьалха,
Ца хилла вай хира"…
"Мерза хан яьккхи вай, -
Воьдучо элира, -
ШахIид хьан цIентIехь, сайн
ЦIахь санна, со Iийра,
Ткъа хIинца, хIинца вай
Къастанза ца довлу,
Кху метте со лоьхурш
Ца кхаьчча ца бовлу.
Къастал воцчу хенахь
Де-ненах къаьстар со,
Марзбеллачу хенахь
Нийсархойх велира со!
Маццах цкъа (ткъа маца?)
Тхох стаг вер тIехтоьхна,
ЧIирна тхан ден керах
Стаг валар хиллера.
Ехха хан ялале
Тхан да а кхелхира,
Со кхиъна валале
Соьга чIир хьайира,
Ткъа тIаккха, бехк боцу
Со бале вуьйжира,
Сел жимчу сан коьрте
Мел гIайгIа кхечира?
Дехаре юрт эхарх
Машар ца хилира,
Ас доьхуш кхойкхушехь
Сан маршо дIаяйра.
Бехк боцу луралла
Сан кочахь дисира,
Са лачкъо геннахь сан
Хьулвала дийзира.
ХIинца со дIавоьду,
Хьанна тIевоьду со?
БIаьргаш чохь бу бода,
Хууш вац хиндерг со.
Борз санна, хьаннашкахь
Лечкъа сан дезар ду,
Цхьалха нах бу бухахь,-
Уьш а со саннарш бу.
Уьш цхьаберш паччахьо
Шайн цIийнах къастийнарш,
Вайн нехан кхолламо
Дакъаза мел баьхнарш,
Шайн хила йиш йоцчу
Ирсах дог диллинарш,
Обарг – цIе кхолларо,
Бу яртийх къахкийнарш.
Мела мох хьоькхура
Говран кхес ловзаеш,
Малх бузуш боллура
Мархашлахь эгабеш.
Товханийн туьнкалгаш
КIур тийса йоьллера,
Юьртахой суьйренан
ГIулкхаш дан боьллера.
Аьхкенан къевкъинчу
Стиглано хьаннашкахь
Довха тов хIоттадо
Суьйренца лахешкахь.
Шал шийла шовданаш
Цу юьртан йистошкахь
Декаш ду моттало,
Къамел деш бердашкахь.
Эвлйистехь кегий нах
Шовдане гуллучохь
Акхтарган гаьннаш кIел
Шен кIудал хIоттийна
Ша лаьтташ йоI яра
ЦIехьа ца йолалуш…
Хин йист дIайоьхнера,
Бода тIе болалуш.
Кхул хьалха боданах
Сел чIогIа кхийрина
ЙоI хIинца суьйренах
Кхералуш яцара.
Къоначу цу дагна
Кхин кхерам, кхин гIайгIа
Буьйсанан боданал
Инзаре хетара.
Хин йисте богIучу
Некъаца цу юьртах
Къаьстинчу беречух
ЙоьIан бIаьрг кхийтира.
Хьоьгушший, хьоьжушший
Лаьттачу мисканна
ЦIеххьана шен дегIах
ЦIе ели моьттира.
Геннара евзира
КIантана Селехьат,-
Хийла цо лардина
ЙоI кхуза йогIу сахьт,-
ТIаьххьара дош ала
Ша йола аьллашехь,
Воьхна и воьссира,
Цунна тIе кхочушшехь.
Маршалла хаьттина
АслагIа вистхилча,
Логе шад хIоьттина
ЙоI сецна йиснера.
Са санна везна верг
Тховса дIавоьдийла,
Шаьшинна хуьлуш дерг-
Хиъна и хиллера.
Цо деха бIаьрг-негIарш
Сих-сиха деттара,
Йогучу беснеш тIе
Хин тIадамаш оьгура.
Къона дегI, оьзда дегI
ГIа санна диэгара,
Дог доьхна, дог иэшна
И миска лаьттара.
ЙогIур юй хуъушехь,
Ца яре дог даьхна,
И хийла кхийрина
Суьйре тIееънера.
Дан амал доццушехь,
Ца гайта ша йоьхна,
ЙоI кийрахь йилхина
Дакъаза яьллера.
Олхазарш кIорнешца
Баннашка гуллучу,
Акхарой кIезашца
Iуьргаш чу дулучу,
Наноша доьзалаш
Гулбечу цу хенахь
ДIасакъаста дезара
Диэза шиъ кху сарахь.
АслагIас йоI шеца
Хьаннашка ехара,
Да-нана дIатесна
Яда и кхоьрура.
Мел деха дийцарах,
Барт хуьлуш бацара,
Шаьш вовшехкъастарх
КIант тешаш вацара.
АслагIа, АслагIа,-
Бохуш со хьехавеш,-
Лурвоьлла стаг ву и,
Шун юьртахь сох бохуш,-
Яцар хьо, Селехьат,
ХIетахь а со вевзаш,
Хьан безам бу бохуш,
Со тIе а хьийзавеш?
Селехьат, топ кхетта
Сан ког а нийса бац,
Лурвоьлла стаг ву со,
Соьца хьан ирс хир дац,-
Цу хенахь ас аьлча, -
ЙогIур ю, хIума дац,
ХIара гуьйре чекхъяьлча,
Хьоь маре, - хьан дош дац?
Со лечкъа меттиг сан
ЧIирхошна карийча,
Валаза ца ваьлла,
Шун юьртах со ваьлча,
Хьо ягIахь дIайогIу
Де хIинца тIекхаьчча,
Соьца ян хьо кхоьру,
Йиллина хан кхаьчча.
ХIинццалца ахь соьга
Дийцинарг харц хилла,
Дехар до ас хьоьга
Кхул тIаьхьа бакъ хилар.
Нехан сох чIир яллар
Цхьа бала хиллера,
Хьо езаяларх а
Бала хирг хиллера".
И дешнаш олуш, цо
Шен буйнаш хьабдира,
Хьаьвзинчу бIагоро
Цуьнан бIаьргаш хьабдира.
Ткъа и йоI, гIийла йоI,
Бо санна хьоьжура,
Цо сарахь елхийна
Эшарш бакъ хиллера.
ПхоьалгIа дакъа
Хеназий, ва къизий
Iожал тIе кхочий,
Ва диъний, даазий
Дуьне, хьо дуьсуш ду,
Масаний воккханиг
Шел тIаьхьа ва вуьсуш,
Жимчух дисина
КIайн маьлхан хьо дуьне.
(Ширчу иллина тIера)
Лаьмнашкахь гуьйренаш,
Iа санна, шийла ю,
Малделла де хиларх
Суьйренаш кхолало.
Ламаройн кIайнкетарш
Гинчунна билгал ю,
Месал куй, мачашший
Йоцуш ца вахало.
Iаннаш чохь, я ломан
Басешкахь Iохкучу
Ярташкахь урамаш
Дан а дац, хьашт а дац.
Масех юрт гуллучу
Базаран майданахь
КIиран чохь мел хилларг
Хаанза стаг висац.
Рузбанан маьждиг а
Ду иштта нах гуллуш,
Дов-дийцар даьллачийн
Машар беш, кхел кхуллуш,
Вон, дика къастадо
Къаноша шарIаца,
Церан дош Iалашдо
Суьпачар ларамца.
Базарахь, маьждигехь
Делкъанна мел хезнарг
Суьйранна дIалуьстуш
ПхьоьгIанаш хIуьттура:
Я сийлахь, я сийсаз
Ду аьлла сацийнарг
Ламаройн дош хуьлий
Ярташка даьржара.
АслагIа вина юрт,
Ваьхна юрт, воьхна юрт
Ламанца хьаннашлахь
Хьаьрччина Iуьллура.
ТIаьххьарчу деношкахь
АслагIин оза сурт
Цу юьрта йистехьа
Гинарш а хиллера.
ПхьоьгIанахь болчара
Дуьйцура цецбуьйлуш:
"Цара йийнарг котам яц,
Цуьнан дац стаг вийна;
Вийначун верасашна
Уллоха тIехвуьйлуш
Эвхьаза мостагI гар,-
Эхь ду и тайпанна".
Цундела, цаI хилла
Ца Iара и лоьхуш,
Мисканна кIело еш
Iожалла лелара.
Шена и хуъушехь,
Делера гIо доьхуш,
КIентийх цаI я ШахIид
Кхаччалца и Iара.
Цкъа буса цу хьуьнхахь
Цхьалха дин терсара,
Буьйсанан семаллехь
И генна хезара,
Седарчий цу стиглахь
Наг-наггахь къегара,
Хьуьнхарчу ирзу тIехь
Беш мукъам хезара:
Хьуьнхара мукъам
Вай делча денлур дац,
Къанделча къонлур дац,
Вай динчу наноша
Вай духа дийриг дац;
Маршонца ца биъна
Безам вайн мерза бац,
Ша висча лахьти чохь
И биънарг стаг ма вац.
Маршоно хьегавеш
Шен дахар гIийла ду,
ЧIирхоша къехкавеш
Кху хьуьнхахь шен бен бу.
Ког биллал латта дац
Ша теша йиш йолуш,
КIайн маьлхан хьо дуьне
Ша маца дуур техь…
Шен чевнах вирзина
АслагIа гIаьттинер,
ЧIирхошха къаьхкина
Кхузахь и лечкъинер,
Де даьлча, шиъ даьлча
Бере ван везара,
ШахIид а ца вогIуш
Iийриг хир вацара.
Хенаш тIе топ кхетча,
Бос сира сай санна,
Кондаршкахь шарх аьлча,
Цец хьалаэккхар и.
Бер дижо ша йижча
Къона нана санна,
Син маршо ларйича
ГIелвелла тхевсир и.
Уллорчу кондаршкахь
Цхьа гIалат дIасхьайра,
Буьйсанан бодашкахь
И гергатиэкхара,
Тиэкхачо шен буйнахь
КIайн шаьлта йохьура,
Вижнарг цу тийналлехь
И ца гуш Iуьллура.
-Ма гIерта, ма гIертахьа
Цунна герга, витахьа,
Набарх садаIийтахьа.
Къона пекъар ву иза,
Къуоналлех ирс эцаза.
Шен паргIато йовзаза.-
ЧIирхоша витина
Маьрша стаг шех хилла,
Селехьат ялийна
Ирс долуш ша хилла.
ГIан-набарш гуш шена
Iуьллур и вицвелла…
ЦIеххьана гIар хезна
Дийзира бIаьрг белла.
ЧIирхочун шаьлта, ло
Санна, кIай лестира,
Бекх боцчун некхах цо
И шаьлта йоьллира,
АстагIа АслагIа
ТIулга тIехь сеттира,
Лехначу дегIаха
ЦIин хьоста кхоьссира.
Бераллин деларца
Цо балдаш хьадира,
БIаьргаш чохь неканца
Дуьне а хьаьвзира.
Турпалчу некха тIехь
КIайн маьIан мукъ гора,
Шен некха ойуш цо
Ший а куьг гIортийра.
Ша динчух воккхавеш
И вийнарг вацара,
Макхвелла вегавеш
И воьхна лаьттара.
"АслагIа, хьан синна
Гечдойла вайн дала,
Сайн декхар ийци ас,
КъинтIера хьо вала!..."
КъинтIера ваьлла со,-
Меллаша хазийра
Валарчу вирзинчо,-
Сан дас хьан да вер а,
Ахь хIинца со вер а
ШарIан кхиэл ю иза,-
Хийла дегI Iовжийна…
Воха ма воха хьо…
КIант, соьга ладогIа,
ХIинца леш воллу со,
Хьо сиха дIагIолахь.
Кху метте стаг кхача
Мегаш ву хье ца луш,
Цо лазо там бу хьо,
Цунна гарх ларлолахь.
Мухха а юьртана
Кхузахь дерг хаийта,
Дог лозуш волчуьнга
Сан дегI дахьийта!.."
Кхин лен ницкъ бацара.
ДIасхьайра АслагIа,
Юха а вуьйжира
ТIулга тIе аркъала…
ЛадоьгIна, догдоьхна
ЧIирхо хьулвелира,
Валарчу вирзина
Воьжнарг а Iуьллура.
Хийлаза и саннарг
Дайна хьун эшшара
Ца гучха и хилларг
Меллаша техкара.
Лаьмнашкахь дерг гайта
Латийна чиркх санна,
Можа бутт стиглара
Лаьтта тIе хьежара.
Юххехьа говрийн хур
Бергийн гIар таръелла,
АслагIин дин дена
ТIе беъна терсира.
Цу хенахь ирзу тIе
Ши бере кхечира,
Говрашкар воьссина
И шиъ тIехьаьдира,
Кхийтира…вуьйхира…
Дан амал дацара,
Хьун екош инзаре
ЙоIе мохь белира.
Гинчунна лан хала
Цигахь сурт хIоьттира;
АслагIас тIаьххьара
ГIийла бIаьрг биллира…
"Ва ШахIид…Селехьат…"-
Цо ши цIе яьккхира,
ТIаккха кхин ца делла
БIаьргаш а хьабделира.
Селехьат, Селехьат!
Хьан мохь ма шийла бу!
Ахь дан а хIун дисна,
Хьо хьанна тIе гIур ю?
Да-нана, хьан ваша,
Хьан везар Iуьллуш ву!
Яхаран ирсан некъ
Кхузахь хьан хедаш бу!-
ТIекхетта хьаьрчира
АслагIин дегIах йоI:
"Iожаллин ницкъ хир бац
Вай къасто, АслагIа…
ХIун де ас..Вайший а
Дийна – хьо вийначо.
Со хьоьца дIайогIу,
Кхел ер-кха кхоьллинчо!"
АслагIин хаьнтIера
Тапча схьаяьккхина,
Цо шена йожийра,
БIаьштиг тIе хIоъ тоьхна.
Безаммий, къуоналлий
Цхьабосса дIадайра,
Ирзу тIехь ши дакъа
Ул-уллохь Iуьллура.
- Маржа яI, ШахIид: хьо
Воьхна, ткъа бехк а бац!
Хьайн дагца чIагIло хьо-
Уьш шиъ кхин гIоттур дац…
Iадатой, Iаламой
Хьан бан а аьтто бац.
Бакъонан малх кхетталц
Хьан нехан ирс хир дац!
Ша хIун дер ца хууш
Йиш йоьхна ШахIид Iеш
Декъаза и буьйса
Юкъал тIехъелира.
АслагIас сатуьйсуш
Варе ла дийгIина
Бере а цу хенахь
Царна тIекхечира.
Делкъехьа схьакхаьччехь
Бохамех воккхуверг
Хиллачу бохамна
ТIаьхьа тIекхаьчнера.
Юьрта шаьш дIакхаьчча
Тезетан да хинверг
Кхузахь дерг юьртана
Хаийта вахара.
Цу хьаннийн кIоргешкахь,
Меца борз угIура,
Юькъачу хотешкахь
Акхарой цIийзара;
Сел ирча, сел йоьхна
Инзаре и буьйса
Кху нохчийн лаьмнашкахь
Дуьххьара яцара.
ТIаьххьара дош
Паччахьан, Iадатан
ДIаяхна зама – сан халкъан
ЦIий мийлла зама!
ХIара дуьне даанзий,
Ирсан де ганзий
Масане къона дегI
Ахь лаьттах доьлна.
Къа хьегна сан дайша,
Бала а лайна,
Амма Iа дIадаьлча
БIаьсте тIейогIу.
Боданехь хийла вон
Хиллехь а дайна
Буьйса-борз тIехъяьлча
Iуьйре тIейогIу!
Дешархо! Дийцина вели со кхузахь.
Дуьххьара яздина
Ас хIара деха.
Со, хилларш дийцарна,
Бехке ма велахь, -
Хьайгарчу маршонан
Пусар а делахь.