Автошколан харц белхахочун хан кхайкхийна Нохчийчохь

Соьлж-ГӀалин кӀоштан кхело листина Х. Мохьмад цIарца вуьйцучу меттигерчу вахархочо сутараллица доьзна нах Ӏехор хьокехь теллина бехктакхаман гIуллкх.

Кхелан кхеташо дIахьош къаьстина бехкевечо 5 стаг Iехийна хилар, ша автошколан белхахо ву, машен лело бакъо йоккхуш гIо дан таро ю шен аьлла. Цу кепара 140 эзар сом гулдина хилла цо, ша лебинчу нахера.

Кхело бехке лара сацам бина Мохьмад и зулам дарна. Иза дохко валар а, харцонца даьккхина ахча меттахIоттор а тидаме а эцна, арахь даккха ши шо хан кхайкхина цунна суьдо.