Терк цIандар Iалашонца программа кечъян дагахь ду Нохчийчуьра Iедалш. Цунах лаьцна шинарин дийнахь дIахьедар дина республикерчу Iедалан куьйгалхочо Хучиев Муслима. Цунна гIортор йина белхан визитаца Соьлж-ГIалахь хиллачу Къилбаседа Кавказан гIуллакхашкахула министро Чеботарев Сергейс.
Оьрсийчоьнан 6 субъектехула, шайна юкъахь Къилбаседа ХIирийчоь а, ГIебартой-Балкхаройчоь а, Ставрополан мохк а, ГIалгIайчоь а, Нохчийчоь а, Дагестан а йолуш, чехкдолий Таркхойн хIорда чукхета Терк. Цуьнан йохалла ю 623 километр.
Чеботаревс билгалдаккхарехь, цо куьйгалла дечу министерствохь дикачу агIор тIеэцна Терк цIандан дезара, Волга хи цIандеш бинчу белхан аналгица аьлла, Нохчийчуьрчу Iедалша хьахийнарг.
"Терко цхьаьнатуху ерриг а Къилбаседа Кавказ, ткъа, дера, иза дӀатесна дитинчу хьолехь ма ду. Оха Iамош ду и хаттар", - аьлла Чеботаревс Соьлж-ГIаларчу кхеташонехь.
"Волга цIандар" проект олучу къоман проектана юкъайогIуш ю. Оьрсийчохь "Экологи" проект кхочуш ян хьажийна ду цхьацца хьастанашкара 4 триллион 41 миллиард сом.