"Шена ницкъ бина, элира цо"

Дагестан -- Гаджиев Iабдулмумин ХIинжа-ГIаларчу кхелехь.

Your browser doesn’t support HTML5

"Шена ницкъ бина, элира цо"

Дагестанерчу "Черновик" газетан редакцино Путин Владимире Iуналле эцар дехна шайн белхахочун Гаджиев Iабдулмуминан бехктакхаман гIуллакх таллар. Журналист кхеле озийна хьийзо гIертар цхьа доцург ду, ткъа цунна бехкбиллар хуьлийла дац, шена ницкъ бинчул тIаьхьа тешо дина лач тоьшаллаш бухе а дехкина, хета газетан белхахошна.

Гаджиев лаьцна терроризмана ахча гулдарна а, цо терроран вовшахтохараллехь дакъалацарна а шеко йолуш. Цуьнан гIуллакхехула оццу статусехь ву кхин а 10 стаг, шайна юкъахь бусалба дин хьехархо Саситлинский Абу Iумар (Ахмеднабиев Исраил) а волуш. ТIаьхьарчу хенахь и стаг вевзаш ву Африкерчу шен гIо-накъосталлин проекташкахула. Цигахь гIунаш яха ахча гулдеш ву Ахмеднабиев.

Талламхойн версица, цара жоьпе озийначара ахча гулдина Саситлинскийн "Ансар" а, "Мухаджирун" а, "Амана" а гӀо-накъосталлин фондашка, "Исламан пачхьалкх" экстремистийн вовшахтохараллана иза лур дуй шайна хуъушехь.

Ша левеш Гаджиевс аьлла, шена цу нахах вевзарг цхьа Саситлинский бен вац аьлла. Шена иза вевзира, боху журналисто, 2011-чу шарахь, иза, интервью эцахьара шегара аьлла, "Черновик" газетан редакци веача. Гаджиевс дийцарехь, вовше вистхуьлуш цу шиммо хьехийнарш яра "юкъара теманаш".

Гаджиевс кхин уьйраш ца латтийна Саситлинскийца. Цул сов, журналисто дийцарехь, цунна ца евза талламхоша Саситлинскийс терроризмана ахча латтийна, бохуш юьйцу гIо-накъосталлин фондаш.

Мангалан-беттан 16-чохь, ХIинжа-гIаларчу Советски кIоштан суьдехь ша дIалаца сацам бича, Гаджиевс тIе ца лецира шега кховдийна бехк. Ткъа шена дуьхьал Тамбиев Кемалера тоьшаллаш даьхна цу стагана ницкъ а бина, элира цо.

"Талламхойн кхин дан хIумма а ца дисинера, суна цIаршца бевзаш а боцу цхьа нах а карийна, цаьргара цхьа тоьшаллаш дахар а бен. Муха, муьлхачу факташкахула ас терроризмана ахча луш хилла боху цу тешаш, со кхеташ вац. Сайга хаттарш деш маситтоза "Тамбиев" фамили сайна хезна хиларна, кхузахь а дуьххьара цуьнан фамили хезча, хаьттира ас, мила ву кхузахь Тамбиев, аьлла. Цхьана стага ша ву элира. Со хьаьжира цу Тамбиевга. Иза вара гӀора дайна, йиттина ницкъ бина стаг, Iаржбина бина бIаьрг а болуш. Цу Тамбиевс сихха соьга бехк цабиллар дийхира. Шена ницкъ бина, элира цо", - дийцира Гаджиевс

Цунна тIаьххье кхеташо хилира Тамбиев а, оццу гIуллакхехула шеко йолуш лаьцначу кхин цхьа стаг Ризванов Абубакар а талламан изоляторе хьажорах лаьцна. "Коммерсанто" яздарехь, Ризванов ву Саситлинскийна тIаьхьа коьрта шеконехь волу стаг. Кхелан кхеташонехь Тамбиевс бакъдира, ша Гаджиевна а, кхин болчу цу бехктакхаман гIуллакхан фигуранташна а дуьхьал тоьшалла дина хилар, ницкъ бар бахьана долуш.

Бехктакхаман гIуллакхан хьажийна зорбанан конференци дIахьош адвокато Магомедов Мурада дийцира, Тамбиев левfран протоколехь билгалдаьккхина хиларх лаьцна, Гаджиевс терроризмана финансашца гIо деш хиларх лаьцна цунна кхоалгIчу стагера хиина хилар.

"Черновик" газетан политикан декъан редакторна Магомедов Мохьмадана хетарехь, Гаджиевна бехк буьллийла дацара наркотикаш я герз лелорна, цуьнан нахалахь дикачу агIор цIе яхана хиларна. Гуш хир ду лело магийна йоцу и хIуманаш цунна полисхоша тесна хилар. Ткъа терроризмана ахча хьажор, Магомедовна хетарехь, мегар долуш хIума дара, Гаджиев гIеххьа салафитийн ойланаш йолуш хиларна.

"Цул сов, Гаджиев "Черновикан" белхахо ву. Тхан газетаца гамо ю коррупцин кланашна а, политикан тобанашна а бохкабеллачу погонаш лелочу гIеманийн. Уьш, халахеташ далахь а, хIинца а Iаткъам бан аьттонаш болуш бу Дагестанехь а, ницкъаллин структурашкахь а. Цундела, цхьана декъана, тхуна хIара Iабдулмуминца хIоьттина хьал го, газетан рекцино дIахьочу политикана Iаткъам бан гIортар я иза кхоччуш дIачIагIа дагахь хилар санна", - тIетуьйхира Магомедовс.

Гаджиев хьийзош хила мега, цо дин бахьанехь лелош дерг юьхьарлаьцна, хета "Мемориал" бакъонашларъярхойн центран Дагестанерчу декъан адвокатана Магомедов Шамилна.

"Сан битам кхоллабелла, Дагестан ламасте доцу дин хьоьхучу нахах цIанйеш йолуш санна. Ас дукха хан йоццуш лелош дара Мисарахь дешначу кIантана дуьхьал долийна бехктакхаман гIуллакх. И волчехь хилара беза-бевзарш а, доттагIий а, цунна ислам дика довзарна, цхьацца динца доьзначу хаттаршкахула дагабовла богIий. Цунна дуьхьал бехктакхаман гIуллакх кхоьллира, цо цхьа стаг Шема ваха бертавалийна аьлла. Цо чIагIдо шена и стаг цкъа а бIаьрга гина вац бохуш. ГIуллакх вовшахтоьхна, Гаджиевн гIуллакх санна, цхьана тешаш дийцинарг бухе а диллина", - дийцира адвокато.