Поэт, илланча, бIаьхо Ханкаров Хьамзат дагалоцуш
Your browser doesn’t support HTML5
Кавказхойн юкъарчу хьашташца ваьхна, Нохчийчоь маьршайоккхучу боламехь жигара дакъалаьцна, оцу новкъахь I994-чу шарахь кхелхина Ханкаров Хьамзат дагалоцу суьйре дIаяьхьира Европерчу цунан гергарчара, маршонан боламехула иза вевзинчу накъосташа, тIекхуьучу вайнехан кегийрхоша. Барам дIабахара Белгерчу Элзенборн гIалина гергахь. Дагалацаман суьйрене баьхкинчаралахь бара махкал арахьа беха Ичкерин Iедалан, Европерчу нохчийн ассамблеян векалш. Видео-зIенехула гулбеллачаьрца къамелаш дира Ичкерин лидеро Закаев Ахьмада. Цо лаккхара мах хадийра нохчашлахь пачхьалкхалла дендеш, Кавказан къаьмнийн уьйраш чIагIъеш, церан маршонах доглозуш ваьхначу Ханкаров Хьамзатан. Барамехь вара Нохчийчохь а, ша вехачу Германехь а лоруш волу поэт Бисултанов Апти а.