КIиранан сарахь хаамбина ГIалгIайчоьнан куьйгалхочо Евкуров Юнус-Бека, ша доьхур ду Путин Владимире, шега хенал хьалха дарж дитийтар, аьлла. Цо и къамел дале хьалха республике веана-вахана Къилбаседа Кавказера президентан векал Матовников Александр. Иза дIавоьддушехь дина шен дIахьедар Евкуровс.
ГIалгIайчоьнна гонахарчу регионашкахь куьйгалхоша хIинцале хаийтина шаьш хаам тергоне эцнийла. Даржера вуссучуьнга ала догIу дош аьлла ГIебарта-Балкхаройчоьнан, Кхарачой-Чергазийчоьнан, Ставропол-мехкан куьйгалхоша Коков Казбека а, Темрезов Рашида а, Васильев Владимира а. Дош алаза бу цкъачунна Нохчийчуьра, Дагестанера хьаькамаш.
2008-чу шарахь ГIалгIайчоьнан коьртехь Iен Зязиков Мурат хуьйцуш, цуьнгарчу дарже хIоттийра Евкуров Юнус-Бек. 12 шарахь оцу меттехь Iийнарг шен лаамехь вуссу гIентара бохург бакъ ца хета эксперташна. Цара бахарехь, хаалуш ду хуьлучу хийцамо иза ша а цецваьккхинийла – Москох ю сацамбинарг.
Евкуров дIавахана я дIавахийтина?
Юкъаралхочунна, "Гражданское содействие" ("Юкъараллин гIо") комитетан лидерна Ганнушкина Светланина шена вевза Евкуров, цо "Кавказ.Реалиица" къамелдеш элира, ша "ца теша, лаамехь иза дIавахана хиларх, Москох, Iаткъам ца беш, юьстахйисина хиларх".
Шена халахета Евкуров политикера дIавоьдуш, шен дош лардеш стаг ву иза, бохура Ганнушкинас.
Шена а хууш, лечуьра массех стаг ваьккхина Евкуров Юнус-Бека, гIалат дара цунна Нохчийчоьнца долчу дозан хьокъехь шен нах кхето некъ цакарор, аьлла хета бакъоларъярхочунна.
Евкуров шен лаамехь даржера дIаваьлла хила а тарло, элира Оьрсийчоьнан халкъан бахаман, пачхьалкх кхолларан академин а, Гайдаран цIарахчу институтан а Iилманчас Казенин Константина.
"2018-чу шеран гурахь республикера хьал эшча дуьйна схьа Iедалехь Iа лууш ца гора иза [Евкуров –ред.]. Хаалуш дара иза. Евкуровс дика лар йитина: уггаре халачу муьрехь, къайлах тIемаш бечу гIеранашца къийсам лаьтточу заманахь, ситуаци толамца караерзийра цо. ХIора политикан ю шен мисси, иза йирзича, ша дIаваха везий хаьа цунна. Иза ду Евкуровца дерг. Протестан боламца мотт ца карийна цунна. Оцо кхачийна иза кху муьрехь шен мисси ерзочу", - элира Казенина.
Нохчийчоьнан, ГIалгIайчоьнан доза къастош хIоттийна бертан документ ца тайна гIаьттинчу гIалгIайн оппозицина толаман де ду Евкуровс дарж дуьту де.
Евкуров даржера дIаваларх кхочушъянза юьсу ГIалгайчохь дуккха а проблемаш, шайлахь коьртачех белхазалла а, юкъараллехь хьал гIоьртина латтар а долуш.