Ростох тIеман кхело 18 шо хан тоьхна Украино дIавеллачу Тумгоевна

ОЬрсийчоь -- Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суд, Ростох. Гайтаман сурт.

Ростохахь Къилбаседа Кавказан тIеман гонан суьдо 18 шо хан тоьхна Украино Оьрсийчоьне дIавеллачу ГIалгIайчуьрчу вахархочун Тумгоев Тимурна. Цунах лаьцна хаам бо ТАСС агенталло. Тумгоев бехке лаьрра Шемахь терроран тобан декъашхо хиларна. Шена тоьхна хан йоккхур ю цо колонехь чIагIйинчу рожехь.

Талламхойн версица, 2014-чу шарахь, Гуьржийчохь кечам а бина, Шема вахана хилла Тумгоев "Исламан пачхьалкх" тIеман тобан декъашхойн могIаршлахь тIом бан.

Интерполехула лоьхуш хиларна, 2016-чу шарахь Истанбулера кеманца Харькове кхаьчначул тIаьхьа лецира Тумгоев аэропортехь. "Исламан пачхьалкхца" воьзна ву, аьлла бехке вира иза ФСБ-но, Тумгоевс ша бакъ ца дора иза.

Ша лаьцначуьра маьршаваьккхинчул тIаьхьа Украинин Малхбалехь сепаратисташна дуьхьал тIемашкахь хилира Тумгоев, шайх Мансуран цIарахчу нохчийн батальонан могIаршлахь. Ткъа Украинин прокуратурано бакъ дац иза, бохура.

Стохка, 2018-чу шарахь, Гезгамашин-баттахь Украинин инарла прокуратуран сацамца, Оьрсийчоьне дIавелира Тумгоев.