Сардам болла, таккха бIаьрга гучура а вала

Your browser doesn’t support HTML5

КIанта диначух дас а, дас динчух кIанта а жоп ца ло, боху Оьрсийчоьнан низамаша. Амма ца хьакхало и бакъо Нохчийчоьнах – зуламдинарг, лаца а ца гIерташ, сихха хIаллакво, цул тIаьхьа гIаттадо цуьнан тайп-тукхам, дуккха а нах полице идабо, тIаьххьара а махкахбоху. Зуламна дуьхьал ден зулам ду иза, конституцица дуьстича.