Нохчийн мукъамчийн гулар кечйеш ю Нохчийчохь (видео)

Гайтаман сурт

2019 шо чекхдалале бевзаш болчу нохчийн мукъамчийн а, автор-илланчийн а кхоллараллан шина декъах лаьтта гулар арахеца дагахь ю Нохчийчоьнан культуран министралла. Цунах лаьцна хаам бина цуьнан куьйгалхочо Дааев Хож-Бауддис, хаам бо "Нохчийчоь тахана" агенталло.

Министро дийцарехь, Бексултанов Iумаран а, Шахбулатов Iаднанан а, Димаев СаьIидан а, Дагаев Валидан а, Магомедов Султанан а, Дидигов Билов-Хьаьжин а, кхечеран а мукъамаш а, иллеш а, эшарш а хир ю цу юкъахь.

Каталог кхолларан Iалашо ю нохчийн композиторийн а, илланчийн а кхолларалла ларйина а, яржийна а ца Iаш Нохчийчьурчу авторийн бакъонаш тIечIагIъяр.

Your browser doesn’t support HTML5

Димаев Iела: Сан коьрта тема - даймохк, къам, нана