Нохчийчу хьовсийначу полисхойн посташ дIаяха еза аьлла Кадыровс

Кхечу регионашкара чубалийначу полисхоша республикан дозанашкахь хIиттийна блокпосташ дIаяха еза аьлла, дIахьедина Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамаза. ТIехьа-Мартанахь полисхойн постана тIелатар динчул тIаьхьа ницкъаллийн структурийн белхахошца шинаридийнахь дIаяьхьначу кхеташонехь дина цо цу кепара дIахьедар.

Мехкан куьйгалхочо дагадаийтина, и блокпосташ латторах хаттар хьалха а айдина хиларх, амма хIинццалц цунах йист яьккхина цахиларх а. Экономикан а, юкъараллан а кхерамзаллин Кхеташонан секретарна Усмаев Вахьидна тIедиллина цо, оцу эскарийн буьйранчашка дIахаийтар, и блокпосташ республикехь латтор оьшуш цахиларх.

Официалан зерашца, оршотдийнахь ТIехьа-Мартанарчу блокпостана меттигерчу вахархочо динчу тIелатарехь вийна Новокузнецкера Къилбаседа Кавказе белхан декхар кхочушдан хьажийна хилла Дворников Александр.

Ткъа вийна тIелатархо меттигера вахархо Мусаев Зеламха хилла аьлла, дIакхайхкийна мехкан Iедалхоша.