Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана ницкъаллин структурийн белхахошца кхеташо дIаяьхьира шинарин дийнахь Соьлж-ГIалахь, тIаьхьарчу деношкахь республикехь полисхошна тIелетарш дар дийцаре деш.
Your browser doesn’t support HTML5
Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан Нохчийн Республикерчу урхаллан хьаькамо Алханов Руслана хаам бира тIаьххьара хиллачу инцидентехь лаьцна. Цо дийцарехь, тIелатархочо постана тIе а вахана, салам-маршалла а хаьттина, граната кхоьссина хилла блокпостехь йолчу гIишлон чу, цу чохь адамаш хир ду моьттуш.
Амма оцу хенахь цу чохь цхьа а ца хилла. Цул тIаьхьа цо логах цхьамза-урс тоьхна шена дуьхьал веанчу полицин старшинана Дворников Александрна (цу постера полисхой командировке бахкийтина бу Нохчийчу Кемеровн кIоштара). Уллехь лаьттачу полисхоша герз тоьхна вийна тIелатар динарг.
Иза ву 1993-чу шарахь ТIехьа-МартантIехь вина Мусаев Зелимха. Полицин векалша дуьйцу, наркотикан чулацам болу молханаш лелочу нахана юкъахь гина шайна иза, бохуш.
Низам дохорна и стаг гучуваьлла вацара шайна хьалха, бохуш вара ТIехьа-Мартанан кIоштарчу полицин декъан хьаькам Дадаев ИбраьхIим. Мусаевн дас дийцарехь, цуьнан аьтто ца белира шен кIант наркотикех дIахадо, цо дийцарехь,иза гIорасиз хилла висира молханаш моьлучура а сецна, ламаз а деш, могашалла а ларйеш, дахаран нийсачу новкъа иза ца ваккхалуш.
Кхеташонехь вистхуьлуш Алхановс дийцира, шьаш терроран билгало йолу 39 зулам юхатоьхна а, террорхойн 4 тобан куьйгалхо лаьцна а (Хубаев, Исмаилов, Кагерманов, Магомадов), низамехь йоцчу тIеман тобанийн 17 декъашхо а, царна ахча латто 3 стаг а дIалаьцна а хиларх лаьцна.
Нохчийчоьнан куьйгалхочо Кадыров Рамзана шен къамелехь билгалдаьккхира республикехь оперативан болх дукха ледара дIахIоттийна хилар. Иза бахьана долуш хилла, бохура цо, Iожалхой полисхошна тIелетарца йоьзна инциденташ.
Полицин белхахоша хьалххе герз тоха дезаш хиларх лаьцна дIахьедар дира Кадыровс, террорхочо шена урс тоххалц хьоьжуш а ца Iаш. ХIора ницкъаллин структура ша яьккхича, беш болчу балхана реза вац ша элира Нохчийчоьнан куьйгалхочо, цхьа Висмурадов Абузайда куьйгалла до тоба дIаяьккхича.
Цо декхарелахь бира ерриг а ницкъаллин структурийн хьаькамаш хIора баттахь шена отчёт яре, хIора дийнахь шаьш бина болх буьйцуш. Республикехь "бевдда лелаш чингачгукаш болу" хьал лан мегар долуш дац, иза иштта хиларна бехк бу полицин декъийн куьйгалхойн, бохуш вара Кадыров.
Цуьнца цхьаьна цо дагадаийтира, Нохчийчохь хIинца а блокпосташ хиларца доьзна хаттар хьалха а дийцина хилар а, хIетте а иза къастийна ца хилар а. Кхеташо йоьдуш а йолуш, цо и гIуллакх къастор тIедиллира Нохчийн Республикан экономикан а, юкъараллин а кхерамазаллин кхеташонан секретарна Умхаев Вахитина. Нохчийчохь долчу эскарийн буьйранчо дийца деза хIунда оьшуш ду и блокпосташ республикехь хилар, бохуш вара Кадыров.
Нохчийчуьра блокпосташ дIаяхарна дуьхьал бу Оьрсийчуьра лаккхарчу даржашкара Iедалхой. 2018-чу шарахь Оханан-беттан 11-чу дийнахь Черкесск-гIалахь хиллачу Оьрсийчоьнан Федерацин кхерамазаллин кхеташонехь сацам бинера Къилбаседа Кавказера эскарш дIадаха аьтто бац, дерриг дуьнентIехь, ша аьлча, Шемара юкъараллин-политикан хьал тидаме эцча аьлла.
Оьрсийчоьнан Росгвардин Нохчийн Республикерчу урхаллан хьаькамо Делимханов Шерипа къадийра, республикехь къепе латтор Iалашонца пайда эца мегар дара Росгвардин резервах аьлла.
Ма дарра аьлча, резерв ца хьейича а, Нохчийчохь тIех сов герзаца нах бу, "кадровхой" олуш болу. "Север" а, "Юг" а олучу батальонашкахь гIуллакх деш хила мегаш ву хIораннехь 700 гергга стаг. Официалан болчу хаамашца, 2016-чу шарахь берриг а Нохчийчуьрчу полисхойн терахь дара 11 416 стаг. Амма муьлхха а терахь нийса ца хила мега. Масала, ша Кадыровс 2014-чу шарахь дIахьедар дира, шен куьйгакIеллахь мехкан куьйгалхо тIетовжа мегар долу шен лаамехь гIуллакх дан кийча волу 20 эзар лерринчу тобанан декъашхо ву аьлла.
Оьрсийчуьрчу оппозицин бакъонашларъярхочо Яшин Ильяс чIагIдарехь, эксперташа бинчу талламца Нохчийчуьрчу "кадыровхойн" терахь ду 30 эзар гергга стаг. Царах дукхахаберш бу Оьрсийчоьнан чоьхьарчу гIуллакхийн министраллан я Оьрсийчоьнан чоьхьарчу эскаран белхахой. Яшина дийцарехь, ма дарра аьлча, Нохчийчуьра ницкъаллин структураш йозуш яц федералан Iедалан органех, уьш муьтIахь ю Нохчийчоьнан куьйгалхочун.
Тидаме эца деза, Нохчийчохь нисса дIа Оьрсийчоьнан тIеман министралло буьйранчалла дон эскаран дакъош хилар, масала, Къилбан тIеман гонан 58-чу армин 42-гIа гвардин мотогIашсалтийн дивизи. Цуьнан эскаран дакъош куп тоьхна ду Ханкалахь а (71-ра мотогIашсалтийн полк), Шелахь а (70-гIа мотогIашсалтийн полк), Борзехь а (291-ра гвардин мотогIашсалтин полк а).