Оьрсийчуьрчу набахтешкахь дийнахь а, буса а тутмакхашна тIехь видеокамерашца Iуналла латторо низамаш хьоьшуш ду аьлла, тIечIагIдина Европан адамийн бакъонашкахула йолчу кхело. "Коммерсант" хьостано яздо цунах лаьцна. Арз динера кхеле тутмакхаша Горлов Игора а, Вахмистров Дениса а, Саблин Виктора а. Цара билгалдаьккхинера, шайн камераш чохь дийнахь а, буса а дерриг а дIаяздеш видеокамераш ю аьлла. Красноярскерчу лоьмар 6 йолчу ИК-чохь латтош хилла Вахмистров, зудчо ха а деш. Забайкальерчу таламан изолятор чохь вара Саблин. Даим а латийна яра боху цо камера, хьаштагI чохь а къайлаволийла а доцуш. Цигахь а видеокамераш лелош зударий-хадархой хилла.
КIоштан кхеле арз динера Саблина, нахана хьалха тIера бедар хийца а сийсазе хетара шена аьлла. Зударий-хадархой шайн белхан декхарш кхочушдеш бара аьлла, кхело тIехтеснера цуьнан дIахьедар.
Европан адамийн бакъонийн конвенци оьрсийн Iедалхоша ца ларйина аьлла, лерина Европан кхело. Страсбурган кхело декхарейина Оьрсийчоь Вахмистровна 1, 8 эзар евро, Саблинна 2 эзар евро компенсаци дала цара кхелахошна дайина ахча меттахIотторхьама. Ишта суьдхоша билгалдоккху, "оцу гIуллакхашкахь харцо лелийна аьлла, къаро яр ду нийсонан тоъал компенсаци ялар санна, цундела ахчан компенсаци царна ца догIу" аьлла.