Бусулба дин тIеэцна оьрси набахте вахийтина

Терроризм бакъярна Краснодарера вахархо Кучевский Сергей декхаре вина набахтехь хан яккха а, гIуда такха а, хаамбо "Интерфаксо". "Зулам дарна бехке а лерина, набахтехь даккха 8 шо хан а тоьхна цунна, 200 эзар сом гIуда а хьарчийна Кучевскийх", - аьлла, яздина ду кхелан пресс-релизехь.

Талламчийн версица, 2017-чу шеран Охан-баттахь социалан машанашкахь цо зорбане яьккхина текст экстремизме чулацам болуш ю.

Ткъа Кучевский бехкана къера вац, 2012-чу шарахь бусулба дин тIеэцар доцург, радикалхошца гIуллакх деана а вац ша, йа экстремизме материалаш а яржийна яц ша машанашкахь аьлла цо.