ФСБ-н ялх белхахо дIалаьцна Москвахь

Оьрсийчуьрчу ФСБ-н ялх белхахо лаьцна Москвахь. Царех кхоъ "Альфа" олучу группаца, шиъ къайлахчу сервисийн банкан декъехь, важа "Вымпел" олучу леринчу тобан декъашхо хилла. РБК агенталлан хьостано чIагIдо, цхьана банкера 140 миллион лачкъийна аьлла, шеконашка эцна бу ФСБ-н белхахой бохуш.

Кхечу гIирсо дIахьедина, цара 170 миллион даьхьна аьлла. Оцу гIуллакхна юкъаозийна кхин а ФСБ-н академин цхьа белхахо, яздо публикацехь.

Къайлахчу сервисийн юкъараллаца уьйраш латточу Центро официалехь информаци тIечIагIйина яц цкъачунна. Хьалхо цара дIакхайкхийнера бихнесхочуьнгара ахчанаш даьхна аьлла, шеконашка эцна ши белхахо аьлла. Билгал ца даьккхинера, муьлхачу урхаллера ву и шиъ.