Дархо валарна бехкейина нохчийн лор

Талламчийн версица, шен хенна лоьрийн гIо ца кхачор бахьана долуш веллачу пациентах жоьпалла терапевтна тIедожийна аьлла, яздо "Кавказский узел" агенталло. Хьалха - Мартанарчу кIоштан кхеле листа дIакховдийна оцу гIуллакхан материалаш. Сиха лоьрийн гIо кхачочу станци валийна хиллера стохка Лахьан-баттахь и пациент вала кхерам болу лазар чIагIделла. ШолгIачу дийнахь кхелхинера иза.

"Медицинан гIо ца кхачийна хилла дархочунна лоьро-терапевто", - аьлла, дIахьедина прокуратурано. Оцу бехкаца зуламан кодексан низамашкахь 3 шаре гергга набахтехь яккха хан кхачайо лоьрана аьлла ду прокуратуран сайтехь бинчу хаам тIехь.