Зеленскийн кхайкхаме хьожур ду шаьш аьлла Кремлехь

Украинин президент Зеленский Владимир.

Украинин Малхбалера хьал дIанисдан, Iамеркан а, Британин а, Германин а, Францин а лидерша дакъа а лоцуш, керлачу форматехь дийцарш дIадахьаре кхайкхина президенто Зеленский Владимира Оьрсийчоьнан президенте Путин Владимире.

И цхьаьнакхетар хила мегар долу меттиг санна Зеленскийс хьахийна Минск. Цуьнца цхьаьна, Украинин президенто Фейсбукехь арахецначу шен видео-кхайкхамехь билгалдаьккхина, Украина дуьхьал цахилар Донбассера хьал дIанисдан Iалашо йолчу цхьана а дипломатин форматана.

Кремлехь тидаме эцна Украинин президентан кхайкхам. Оьрсийчоьнан президентан зорбан секретаро Песков Дмитрийс дIахьедар дина журналисташка, иза керла хьалхататтар ду, цуьнга шеко а йоцуш, хьожур ду шаьш аьлла.