Дайлуш ду Brent тайпа мехкадаьтта

Мехкадаьтта доккху майда. Гайтаман сурт.

Brent тайпа мехкадаьттан мах охьаболуш бу. Шинарин Iуьйранна цунах лора $63,96 цхьана черманах. Interfax-о хаам барехь, мехкадаьтта дайдаларан бахьана ду глобалан экономика кхиар алсамдала мегаш хилар.

Эксперташна хетарехь, Iамеркан Федералан резерво малъян мегаш ю шен ахчанан-кредитан политика, ткъа цо гIортор йийр ю дерриг дуьнентIехь экономика кхиарна.

Brent мехкадаьттан бараман тайпа ду. Цуьнан мехаша Iаткъам бо дуьнентIерчу мехкадьттийн ах тайпана мехашна. Brent олу Британехь а, Норвегехь а доккху 4 тайпа Шотландин гIайренашна гергахь эдинчу мехкадаьттах.

Brent-н физикан башхалла барам бу, кхечу тайпа мехкадаьттийн дикалла билгалйоккхуш лелош. Brent-н фьючерсаш (билламаш хьалххе билгалбаьхна бина мехаш) дуьнентIехь лелош болу финансийн мехала гIирс бу, вуно шуьйра лелаш болу. Цу кепара, Brent тайпа мехкадаьтта даккхарх а, цуьнан дикаллах а, мехах а индустрин дакъош хилла ца Iаш йозуш ю динна пачхьалкхийн экономикаш.