Юсупов ИбрахIим. ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI...

Your browser doesn’t support HTML5

Юсупов ИбрахIим. ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI...

ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI...
Юсупов ИбрахIим

ВорхI бер ду вай цхьана ненан, ворхI.
Цхьана диттан ворхI га ду вай нийсса.
Стоьмаша ца бузахь гаьннийн мор,
Къа ду диттан. Дайна цуьнан ирс а.

ВорхI бер ду вай ненан. Цкъа делахь,
Нана – кIира, ткъа вай - цуьнан денош.
ШозлагIа, цу денойх цхьа де лахь,
Доьлху кIира, даккхий бIаьрхиш Iенош…

Хоттане, 1978 шо