Пенсин фондан куьйгалхочун когаметта къера хилла ша кхаъ эцарна

Оьрсийчоьнан Пенсин фондан куьйгалхочун когаметта Иванов Алексей (юккъехь).

Оьрсийчоьнан Пенсин фондан куьйгалхочун когаметто Иванов Алексей, ша кхаъ эцарна къера а хилла, охьадиллина шен дарж. Цунах лаьцна хаам бо "Интерфаксо", Юкъараллин тIехьажаран комиссина тIе а тевжаш.

Цу комиссин декъашхой хилира Иванов ханна латточу Москох талламан изоляторехь. ДIалаьцначо дийцарехь, Товбеца-беттан 12-чохь иза лаца бакъо яла мегаш ю кхело.

Пенсин фондан хIинца а ца хаьа шайн куьйгалхочун когаметтех цхьаммо дарж охьадилларх лаьцна.

Иванов лецира еарин Iуьйранна. Зорбан гIирсаша дийцарехь, талламхоша дIадаьхьна Фондан а, цуьнан хьашташ кхочуш деш хиллачу "Техносерв" а, "Редсис" а компанийн а документаш. Ивановс кхаъ эцна хила мегаш бу цу компанешна контаракташ лург.