Хи далош ду Ишхойн-Юьрта

Хи далоран белхаш болийна Нохчийчуьрчу Гуьмсан кIоштан Ишхойн-Юьртахь. Нохчийчуьрчу гIишлошъяран министралло бинчу хаамца, 4 эзар стаг вехачу цу юьртахь хIоттор бу молу хи IаIо 10 яй, хIоранна а чу 1000 кубометр хи а доьдуш, ткъа иштта хIоттор ю хи оза 10 помпа.

Ишхойн-Юьртахь тосур ю керла полиэтиленан а, болатан а биргIанаш. Карарчу хенахь 200 метр кIоргалла йолу буро тоха буьйлабелла белхалой. Берриг а хи дало белхаш дIаберзо безаш бу йоццучу хенахь.