Iайшина йиттинчу зудчуьнга бехккховдийна талламхочо

Оьрсийчоьнан талламан комитетан ГIалгIайчуьрчу урхаллан белхахочо бехккховдийна 35 шо долчу Ганиева Макке, цо 7 шо долчу шен вешин йоIан Ажигова Iайшин могашалла вуно талхорна.

"Таллам беш гучудаьлла, 2018-чу шеран Лахьан баттахь дуьйна 2019-чу шеран Товбеца-беттан 3-хь дийне кхаччалц ГIалгIайчуьрчу Соьлжахь ехачу Ганиевас хаддаза доьхка а, маршан кийсаг а йиттина хилар йоIан коьртах а, дегIах а", - аьлла ду Талламан комитетан хаамехь.

Маршо Радионо хьалха дийцина ма хиллара, Товбецан-беттан 4-чохь Москох дарбанан клинике ГIалгIайчуьра дIакхачийра дегIа тIехь дуккха а чевнаш йолу 7 шо долу йоI. Цуьнца доьзна бехктакхаман гIуллакх долийнера Талламан комитето.

ТIеххьара болчу хаамца, Iайшин хьал дикачу агIор дирзинехь а, цуьнан куьйгашкахула цIий леларца боьзна хийцамаш бац цкъачунна.