Путин кхин 5 шо даьлча а куьйгаллехь вита план кечйеш ю Кремль

Путин Владимир а (аьрру агIорхьара), Кадыров Рамзан а

2024-чу шарахь президентан харжамаш хиллачул тIаьхьа а Путин Владимир Оьрсийчоьнан, премьер-министран даржехь шуьйра бакъонаш а йолуш, ма дарра аьлча, пачхьалкхан куьйгалхо висийта план кечйеш бу Кремлехь. Цунах лаьцна яздо Bloomberg-о.

Цу зорбанан гIирсан материалехь билгалдаккхарца, Кремлан планаца а догIуш, рогIера президентан харжамаш хилча Путина дIалоцур ду премьер-министран дарж, амма цуьнан хир ю шорйина конституцин бакъонаш. Цу хьокъехь болу хийцамаш бийр болуш бу 2021-чу шарахь парламентан харжамаш хиллачул тIаьхьа.

Делахь а, Bloomberg-о яздарехь, Кремль кхеташ ю Оьрсийчохь Iедалехь йолчу "Цхьааллин Оьрсийчоь" партин рейтинг охьаялар бахьана долуш, и план кхочуш ярехь халонаш кхоллаяла мега бохучух.

Оьрсийчоьнан конституцица а догIуш, Путинан бакъо яц 5-гIа а президентан дарже хIотта. Иза бахьана долуш цо дакъалоцур дац 2024-чу шарахь хир болчу президентан харжамашкахь.

Нохчийчоьнан куьйгалхочун Кадыров Рамзанна хетарехь, президентан Путинан альтернативаш яц, цундела ойла ян еза цуьнан бакъонаш кхин дIа муха яхъян еза бохучух.